ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Кхо шо долу Кузьмин Максим валар толлуш ду Iамеркехь


Iамеркан Пачхьалкхан Департаменто кхайкхам бина, сих а лой, жамIаш ма де
Iамеркерчу доьзало кхобуш хилла кхо шо долу Кузьмин Максим валар хьокъехь аьлла. Иза толлуш бу лоьраш.

Техасерчу Эктор гонерчу суьдан медикан урхаллан коьрта талламхо Стэндефер Ширли ю и кIант веллачул тIаьхьа иза гинарг. Маршо Радионе иштта дийцира цо цуьнах лаьцна.

Стэндефер Ширли: «Тхуна гира цуьнан дегIан тIехь Iаржъелла меттигаш. Iаржъелла меттигаша яра цуьнан. Цуьнан дегIан тIехь дуккха а меттигаш яра Iаржъелла. Уьш хIу бахьана долуш яра цуьнан дегIан тIехь, иза чов яра, я кхин бахьана долуш яра, со лор яц, соьга алалур дац».
XS
SM
MD
LG