ТIекхочийла долу линкаш

Удальцовс кхин а 4 бутт сов хан чохь йоккхур ю


Москох-гIалин Басманан кхело тахана юха а яхъйина «Аьрро фронтан» координаторна Удальцов Сергейна цIахь йоккху хан. Иза Марсхьокху беттан 6-гIа де тIекхаччалц ю.

Кхелан кхеташонехь вистхиллачу Удальцовс закъалтана ахча делча, мукъавалийтар дийхира. Амма кхело юхатуьйхира иза а, адвокаташа иза аравалийта бакъо ло аьлла, дина дехар а.

Чиллан беттан 9-чу дийнахь дуьйна чохь латтош волу Удальцов бехке веш Оьрсийчохь шуьйра къепедацарш кечдарна.
XS
SM
MD
LG