ТIекхочийла долу линкаш

Юха а эккхийтар дина ХΙинжа-ГΙалахь



15 стаг лазийна Дагестанехь, ХΙинжа-ГΙалахь динчу эккхийтаро, хаам бо цигарчу полицин хьостанаша. Яла араяьлла меттигера яхархо Алиева Мадина ю шех йоллучу бомбанца иккхинарг.

Шоьтан дийнан делкъехь гΙали юккъерчу Чоьхьарчу гΙуллакхийн министраллана хьалха иккхина зуда. Лазийначарех 5 полисхо ву. Халчу хьолехь дарбан цΙийне кхачийна нах. 25 шо ду ша-шен эккхийтинчу Алиева Мадинин, иза хьалхо вийначу тΙемалочун зуда ю, аьлла баржийна полицино хаам. Иттех де хилла иза яйна аьлла, гергарчара лаха кхайкхийна.

Шо хьалха Каспийск-гΙалахь тΙемалойн декъахь хилла аьлла, лаьцна кхаьбна а хилла иза, полицино бахарехь.
XS
SM
MD
LG