ТIекхочийла долу линкаш

Москох - Киев: хьалххе - ахча, тIаккха - газ



Оьрсийчоьнан премьер-министра Медведев Дмитрийс дIахьедина, шен Iедало Украина декхаре йо Оьрсийчоьнан газах хьалххе мах охьабилла, аьлла. Иза дозу, цо бахарехь, оцу луларчу махко газах декхар шен хеннахь охьадуьллуш дацарца. Украина, оьрсийн газан компанийн куьйгалхочо Миллер Алексейс чIагIдарехь, схьадаланза ю газах 1 миллиард доллар гергга ахча. Тергамчаша, Медведевс Украина кхерамаш туьйсу, иза ша доладечу мехкийн могIарара а яьлла, Европана герга гIертарна, аьлла хета.
XS
SM
MD
LG