ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Еврокхело 5 нохчо варна бехке йина Оьрсийчоь



320 эзар евро гергга гIуда такха декхаре йина Европан кхело Оьрсийчоь, пхи нохчо варах долу дов дерзош. Iедалан ницкъаша биггарх байна нах бу сацамо буьйцуш - Эдилов Мохьмад, Исаев Ахьамди, Вадилов Iела, Чилаев Болат, Исраилов Аслан. Иштта Еврокхело билгалдаьккхина, Нохчийчохь лаьттинчу тIемашкахь нах доьза байна хилар йоккха проблема ю, нах бар Оьрсийчоьно вуно ледара толлу, аьлла.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG