ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

ТIемаш лаьтта Иракъехь



Иракъан тIеман ницкъаш бу махкарчу гIаттамхоша дIаьлаьцна малхбалера Сулейман Бека а, цунна гонахара СалахIеддин провинцера ярташ а мукъаяха тIемаш беш. Франс-Пресс агенталло бечу хаамца, гIаш-эскаршна гIо до танканаша. Иштта Анбар-провинцехь а кхобу тIемалоша лаьцна Фалуджа-гIала а, Рамади-гIалин дакъа а.

Пачхьалкхан ницкъаша Фалуджехь, снайперех мукъаяккха гIерташ, тIе деза герзаш диттина меттигерчу дарбан цIенна, цигарчу Маршо Радион корреспонденташа дийцарехь. Цхьаьнакхеттачу къаьмнийн организацино сингаттам дIахьебина Фалуджерчу тIаьма юкъа нисбеллачу маьршачу бахархойн хьокъехь.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG