ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Экзаменаш дIа ца ялало нохчийн берашка



Нохчийчохь рогIера географин экзамен дIа ца ялаелла ах сов дешархошка, ткъа хьалхо литература ца елла кхоалгIачу декъо, хаам бина мехкан дешаран министралло. Цуьнан бахьана хьехархошна го экзамен дIаэцаран хьелаш шагдарца.

Асет цIе йолчу хьехархочо дийцира «Кавказан Узел» газетна, хьаькамаш, тергамхой экзаменаш йоьдучу чоьнаш чулелхара сих-сиха, оцу хьоло кхерийначу берашна дицлора шаьш Iамийнарг а, бохуш. Бераш Iадош хIума дара, уьш экзаменна чубахийтале церан догIмех хьийсар, ярташкахь хаарш кхин даккхий хуьлуш а ца хилча, оццул къиза стенна ю экзаменаш, леткаъм бо газете Люба цIе йолчу хьехархочо а.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG