ТIекхочийла долу линкаш

Яценюк Iедалан коьртера дIаваларна дуьхьал ю Украинин Рада


Украинин Лаккхара Рада реза ца хилла Яценюк Арсений премьер-министран даржера дIавалийта. Хаамийн гIирсаш дийцарехь, Еарин дийнахь лерринчу кхеташонехь иза Iедалан коьртера дIавала веза аьлла кхаж теснарг вацара 16 стаг а бен. Товбеца-беттан 24-чу дийнахь Яценюк Арсенийс дIахьедар динера, ша премьеран дирж дита воллу парламентан коалици йохар бахьана долуш а, Iедало хьалхатоьттуш долчунна цхьаболу депутаташ дуьхьал хилар бахьана долуш а.

Еарин дийнахь Лаккхарчу Радано хийцамаш бина пачхьалкхан бюджетах лаьцначу низаманна а, ял яккхаран кодексана а тIехь. И бахьана долуш Армина оьшуш долу ахча лур ду бюджетера гергарчу хенахь. Еарин Iуьйранна президенто Порошенко Петрос кхайкхам бинера министрийн кабинете а, парламенте а, вовшашна бехкаш дахкар а дитий, Армина ахча далан а, энергетикан секторехь реформаш ян а оьшуш долу низамаш тIеэца аьлла.

XS
SM
MD
LG