ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Оьрсийчоьнан санкцеша халонга доккхур ду могушалла йоцучу нехан дахар


Оьрсийчоьно Евробертера а, Iамеркера а, Канадера а, Австралера а, Японера а , Норвегера а кхачанан сурсаташ эцарна дуьхьал санкцеш кхайкхор бахьана долуш оьшуш долу сурсаташ а доцуш биса мегаш бу цомгуш болу нах. Цунах лаьцна хаам бо Малхбузерчу зорбанан гIирсаша. Глютен доцу диета оьшучу нехан хаьл халонга доккха Оьрсийчоьнан Iедалша кхайкхийначу эмбаргоно.

Цомгуш болчара а, церан гергарчара а петици яхьийтина Оьрсийчоьнан президенте а, премьер-министре а эмбаргоне къелхьара дахахьара глютен а, лактоза а доцу сурсаташ аьлла. Цу хьокъехь «ВКонтакте» олучу социалан машанехь гучубаьллачу кхайкхамна тIе куьгтаIийна 3 эзар ах эзар стага

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG