ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Кхин зама, кхин турпалхой бу Нохчийчоьхь


Кадыров Рамзанний, Даудов Мохьмаддий
Кадыров Рамзанний, Даудов Мохьмаддий

Лаьттина тIемаш бахьанехь ерриг Оьрсийчохь а уггаре дукха турпалхой бевллачех хила тарло Нохчийчоь. Тахана Iедало хьехош, гойтуш берш а, шайх лаьцна буса а, дийнахь а дуьйцуш берш а цхьана могIарара турпалхой бу. Хила а ца хилча санна, тийналла лаьтта кхечу, бакъ турпалхошна гонах.

Дуьненна тIехь деха мел кегий къаьмнаш а дац шайн турпалхой боцуш. Цу юкъара бовлуш бац нохчий а. Дуьненан исбаьхьаллин литературехь а тIех дика вевзаш волу оьрсийн гоьваьлла яздархо Толстой Лев даггара цецвийлинчу вайнехан фольклорехь, туьйранаш, шира дийцарш нийсса бохург санна уггар йоккха меттиг дIалоцучу жанрех ду турпаллин иллеш.

Цара заманан кIоргера схьа тоьшаллаш до нохчашлахь турпалхой даима а лераме, халкъо къонахойн даржашка баьхна шатайпа нах хиларан. Цаьрца, турпалхошца, бузуш хилла халкъо шен нийсоне,бакъоне сатийсам а, вон эшош диканиг, оьзданиг, цIенаниг толаме кхачор а.

Дахаран халонаш къарьеш бахчабеллачу нохчаша турпалхой масаллина а балош, церан хьуьнарех кхиош, беркате тIеIаткъам бойтуш кхетош-кхиош хилла къона тIаьхье. Iилманан болх-тептарша даре дарца турпалхой гуттар а хилла,бакъду церан лерам бар, пайдаэцар, тIехIоьттинчу Iедалца дозаделла алсам хIума хиларна,цхьабосса ца нисделла.

Къоман юьхькIаме дозалла ларалуш болу турпалхой бицбар эхье гIалат хилар чIагIдо дIа мел хьавинчу хьехархочо а,яздархочо а. Турпалхой къоман синмехаллаш санна кхеточех ву Новр кIоштера хьехархо Цуцаев Iалавди.

Цуцаев: «Со жима волуш и иллин турпалхой бар-кх сан турпалхой. Уьш санна хила веза бохург а дацара иза, амма церан хьежамаш буй,йцера санна яхь,собар доьналла хила деза аьлла кхетам бар-кх. Хьо тIаьхьаваза бустамаш гора-кх оцу турпалхошкахь.

Цу декъехь, турпалхой хьалаойуш,уьш буьйцуш кIезиг къахьегна тхан махкахь. Шайн мотт бийцарехь,турпалхой ларарехь,гIиллакхаш,култура лелорехь тхан къам санна охьатаIийна,тIе тIулг а биллина латтийна къам дан а дац».

Iедалехь болучара, цхьа юкъ-кара хьахор доцург, Нохчийчохь турпалхойн лерам бар ледара лоручех ву байтанча, меттан говзанча Хатаев Хьусайн. Цо чIагIдарца уьш хьехор,царна къеггина хIолламаш хIиттор чот йоцуш мехала хIума ду. Хьусайн ву дуьйцуш.

Хатаев: «Турпалхо билгалваккха йиш йолуш бац нохчийн шайн. Дукха хьолахь, цхьаболу и турпалхой Россина дуьхьал тIемаш беш билгалбевлла бу. Таймин Биболат чIогIа мехала вуьйцу, масала, Пушкина.

Ишта дика вуьйцу Шайх Мансур. Турпалхочунна хIоллам хIоттор бусалба динехь магийна дац бохург бакъ дац. Магийна дац нагахь санна вай цунна ламазаш дан оьхур делахь. И вуй хаааро кегийчу нехан дегнашкахь дикачу маьIнехь дозалла доссадо.

Хьайн зама юй, дIо-о дайшкара дуьйна схьа зама хиллий, хаам бу хьуна. И турпалхой оьшуш бу. Масала, тхан чохь Ермовловна хIоллам хIотто гIиртира, Советан Iедал,нахана и цатовшшехь. И стенна хIоттош бу адам реза доццушехь?

Ткъа шайчунна, шайлахь билгалваьллачунна цунна хIотто йиш яцара. И йиш яцар хIинца а схьадогIуш ду. Цхьаннах дозалла дан ца деза наха,тIекхуьучу чкъуро. Висаитовн Мовлидана, шен юьхь-марш а долуш, ша ма-варра схьа а гуш, ойла а йина,цхьа скулптор къаста а вина,хIоллам хIотто безара.

Ишта Таймин Биболатна, Нурадилов Ханпашина. ХIун телха,хIун галдолу? КIадда а ца долу-кх. Оха да-м ца до иза. И стаг хиллехь,цуьнан даьккхина сурт делахь а,и ша ма-варра и хIолламаш хила ма беза.

Уьш цахилар бахьнехь тхан бераш,кегийрхой,бух боцуш,кIорге йоцуш, цхьа тIуьхкаш санна хIумнаш ю-кх! Ханпаш кхечу къоман велхьара вилла а,вахьа а меттиг а йоцуш вуьйцуш хир вара.

Ишта иччархо Идрисов а ву. Цо 300 сов мостагI вийна, ши бIе сов вийнарг шозза турпалхо ву,ткъа Идрисов I бен вац. Иза-м хIетахьлерчу политикаца доьзна хIума дара. ХIинца яций иза дакъаза ма яларг! Кегийчеран дашар а,лерам а хилийта тахана дан мегаш ма ду царна деза хила мегаш долу хIумнаш, изза хIолламаш хIиттийна а..»

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG