ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Оьрсийчоьнан ракетан дакъош карийна Украинехь дохийначу "Боинган" кийсигашна юкъахь


Нидерландерчу талламхоша дIахьедар дина 2014-чу шарахь Товбеца-беттан 17-чу дийнахь Украинин малхбалехь доьхначу «Боинган» кийсигашна юкъахь шайна карийнарш Оьрсийчоьнан «Бук» олучу ракетийн комплексо хецначу ракетан дакъош хила мега аьлла. Цу бохамехь кхелхина 298 стаг. Коьртачу декъана уьш бу Нидерладин бахархой.

Шинарин дийнахь цу пачхьалкхера талламхоша динчу дIахьедарца а догIуш, карийна ракетин дакъош толлуш бу Нидерлардин кхерамазаллехула йолчу кхеташонан декъашхой. Хьалхо «Боинг» хIаллак хилар толлучу дуьненаюкъарчу экспертийн тобано дIахьедар динера кема дохийнарг лаьттара хецна хилла ракета ю аьлла хета шайна аьлла.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG