ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Чевнаш йина Нохчийчуьрчу полисхошна


Дагестанерчу Хасу-Юьртара вахархо Демильханов Iела гIаттамхо ву аьлла, пIераскана иза лаца баханчу Нохчийчуьрчу полисхойх шинна чевнаш хилла герзаш кхуьйсуш, хаамбина полисхойх йолчу хьостано.

Тапча а йиттина, ша лаца арабевллачарех къайлаваьлла Демильханов. Лазийна ши полисхо дIавигина, Соьлж-ГIаларчу дарбан цIийне виллина, ша ца вийцар дехначу полисхочо бахарехь. Амма хилам гIара ца баьккхина Iедало.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG