ТIекхочийла долу линкаш

Кремлан коьрта Iалашо Асад ларвар


Пераскана а, шоьтан буса а 20 авиатохар дина оьрсийн кеманаша Шемахь. Кремлан тIеман ницкъийн пресс-секретаро Конашенков Игора бечу хаамца, “Исламан Пачхьалкх” тобанийн 9 Iалашонна тIе ракеташ, бомбанаш йиттина СУ-34, СУ-24 кеманаша. ЖихIадхойн куп а йохош, 7 гIагIадиллина машен а, герзаш чохь латтаден меттиг а хIаллакйина Оьрсийчоьнан авиацино, аьлла бу хаам. Шемахойн бакъоларъярхоша тоьшаллаш даладо, деа дийнахь оьрсийн кеманаша маьршачу бахархойх 39 стаг вийна, царалахь 8 бер а, 8 зуда а ю йолуш, бохуш.

Иштта вийна оццу кеманаша “Исламан Пачхьалкхан” 14 тIемало а – хаамбинарг ву Оьрсийчоьнан тIеман министраллан пресс-векал Канашенков Игор. Малхбузерчу тергамхошна хетарехь, шен ницкъаш Шема хьажийначу Кремлан коьрта Iалашо ю цигара президент Асад а, цуьнан Iедал а Iалашдар.

XS
SM
MD
LG