ТIекхочийла долу линкаш

Украинина юха а газ йохка йолийна Оьрсийчура «Газпромо"


Оьрсийчура «Газпром» компанино юхаметтахIоттийна Украине газ яхийтар, оьцур йолчу газах Украино хьалххе 234 миллион доллар шена дIаделча. Цуьнан куьйгалхочо Миллер Алексейс дийцарехь, Украино дехар дина дийнахь шена юхкучу газан барам мелла а алсам хилийтахьара аьлла.

Кху шеран йуьалгIачу кварталехь Оьрсийчоьно Украинина газ юхкур ю хIора эзар кубометрх 24 доллар 60 цент тIерадоккхуш аьлла, барт хиллера Оьрсийчоьнан а, Украинин а, Евробертан а Гезгмашин-бутт чекхболуш. Хьалха оцу тIерадаккхаран барам бара 100 доллар.

Шен агIор Украинин газан биргIа юза оьшуш йолу газ эца 500 миллион доллар дала реза хилира Евробарт.

XS
SM
MD
LG