ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Мисара кеманаш лелар сацийна Путина


А321 олу Оьрсийчура кема чударан бахьана къастадаллалц Мисара кеманаш лелар юкъахдаккха реза хилла Оьрсийчоьнан президент Путин Владимир. Оьрсийчоьнан куьйгалхочуьнан зорбанан секретаро Песков Дмитрийс бинчу хаамца, Путина иштта омра делла шайн махкахошна цIаберза накъосталла де аьлла. Хьалхо иза дан деза аьлла дIахьедар динарг вара Оьрсийчоьнан Федералан кхерамазаллин сервисан куьйгалхо Бортников Александр.

Мисарара Шарм-эш-Шейхера Петарбухе доьдуш долу Airbus 321 олу "Когалымавиа" компанин кема чудеана ГIадужу-беттан 31-чу дийнахь. Цу тIехь хилла 224 стаг велла. Иза дохаран бахьана толлуш ду. Ирландино а, Британино а, Нидерландаша а, Германин Люфтганза компанино а, Францин Эйр-Франс компанино а сацийна Мисара кеманаш лелийтар.

Уьш шеко йолуш бу Оьрсийчоьнан кема цу тIехь бомба а эккхийтина дохийна хила мега аьлла. Цкъачунна иза иштта хиларан тоьшаллаш дац. «Исламан пачхьалкх» олучу тобано шозза дIахьедар дина кема чудаийтарна жоьпаллехь шаьш ду аьлла.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG