ТIекхочийла долу линкаш

Азербайджанехь къоьлла хIуттуш ю


Бакохна 170 чаккхарма юьстахарчу Азербайджанан къилбаседанерчу Губа кIошта алссам полици яра дIаоьзна пIераскана. Дахаран хьелаш доьхна, къоьлла ю шайна тIегIерташ аьлла гулбеллера оцу гIала гонахарчу яртийн бахархойн. Маршо Радион цигарчу корреспонденташа бечу хаамца, бохаза бара гулам сарахь Iаржъелча а.

Кхечу массех гIалахь а хилла кхаьчна протест. Уггаре хьалха наха гуламашкахь далхадо бепиган, деман мах бестар. Хьалха гуламаш хиллачу гIаланашкахь Азербайджанан Iедало шен омранашца юхабаьккхина бестабоьлла баьпкан мах.

Амма омранашка еха Iалашъялур яц бахъархойн чIана, бохуш ю Азербайджанерчу оппозицигара хеза комментареш.

XS
SM
MD
LG