ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Набахте хьажийна дарба лело хууш воцу лор


Нохчийчоь -- дарбанан цIа чохь. 2015
Нохчийчоь -- дарбанан цIа чохь. 2015

Набахтехь даккха кхо шо кхайкхина Григорьев Олеган, цхьана долахь йолчу клиникехь, меран операци йинчул тIаьхьа, жима стаг велла аьлла. Талламо къастина, цуьнга лалур юй-яций а ца хьожуш, сихонца иза уьрсана кIела вижийна хилла аьлла. Операци чекхяьлчулла тIаьхьа, дог малделла велла иза. Набахтехь 3 шо а даьккхина араваьлча, кхиъ 3 шарахь лоьрийн болх бар а дихкина дарбхочунна.

Болчу хаамашца, меран операци: иза табар а, юккъера ога нисдар а Кавказехь даьржина хIума ду. Нохчийчу, хуучу бахьанашца и мода хIинций бен ца кхаьчна. Зударий, зудбераш а, рагIанаш а йой дIахуьтту, догIа деанчулла тIаьхь, жIаьлийн нускалш санна яьржачу оцу клиникашка.ТIаьхьарчу хенахь, божарий а боьлху цаьрга гIодеха, дукхачу хьелашкахь мера нога, садеаран новкъа долуш, нисдайтархьама. Доккха ун санна даьржина хIума ду и пластикан операцеш, аьлла Маршо Радиога дийцира Елаева Iайнаъ цIе йолчу Соьлж-ГIалара яхархочо. Мерахула садеIар дика дацахь а, ша кхоьру и операци яйта, элира цо.

Елаева: «1996 шарахь дуьйна, мера чу молха а детташ, лелаш ю-кх со, и операци яйта ца яхьаш. ХIинца, кегийрхой эшахь а, ца эшахь а, операци яйта боьлху. Дайша-наноша а магадо царна иза. Мар, чIогIа экаме меже ю боху адамийн дегIанца. Иза, муха хуьйцуьту? Оцу лоьрах а, оцу кIентах а къахета суна-м».

Лоьрийн, коьртачу декъана, бехк хета Елаев Iайнаан, и нах рагIанаш а йина мерош а, балдаш а тодайта лууш хиларна. Дала делла куц хийца лаар, нийса хIума ца хилар сов, эшахь а, ца эшахь, ахча делчхьана, сихло уьш операцеш ян, аьлла кхин дIа а дийцира цо.

Елаева: «ТIе вахча, кханнехь операция н еза олу лоьраш. Йинчул тIаьхьа, шолгIачу дийнахь цIа вохуьйту. Ун санна ду-кх кхузахь марошна операци яр. Лоьрийн бехк хета суна. Хьалха, ца бовлий бен ца йора цара операци. ХIинца, котаман урс хьокхуш санна, сихонца йо иза».

Хамзаев Iийса а, вара дукха жима волчу хенахь дуьйна, мерца садеIар дика доцуш. Вехха лийлира ша и бала хьоьгуш, операци яйта ца хIуттуш. Нахана хуьлуш дерг гора шена, цундела, ша мехкан дозаналла ара а ваьлла яйтира иза, элира цо.

Хамзаев: «Ехха хенахь лийлирасо, мерхола садеIа ца луш. Наха, соьга цIахь ма яйта олура. Москоха а вахана ейтира ас. ЦIахь яш-м ю и операцеш. Амма итт стаган юккъера иссане хьал хилчул телха».

Долахь йолу клиникаш дукха йоьллуш ю Нохчийчохь. Дукхачу хьолехь, пластикан операцеш ю цара еш. Стохка, йина операцеш юхахь яьлла массийта хIума хилча, царна талламаш бан болийра Iедалша. И гIуллакх, республикан куьйгалле а даьллера. Схьахетарехь, оцу клиникийн терахь жима деллехь а, церан дикалла, ша ма ярра йисина.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG