ТIекхочийла долу линкаш

Президентан харжамашкахь дакъа лоцур ду Хилларис


Клинтон Хиллари, Нью-Йорк, мангал-беттан 7-гIа де, 2016.

Клинтон Хиллари, Нью-Йорк, мангал-беттан 7-гIа де, 2016.

Клинтон Хиллари Мангал-беттан 7-чу дийнахь демократашкахьара президентан кандидат санна билгалъяьлла. Иза кандитат яларца декъалйира Iамеркан президента Обама Барака. Ша кандидат хиллий хиъча Клинтона элира: “Вайн исторехь дуьххьара ду президентан дарж къовсуш зуда хилар. Вай декхарийлахь ду, вайл хьалха хиллачарна. Тховса вай дозаллица ала йиш ю Iамеркехь цхьа а вайга эшалур йоцу новкъарло яц, аьлла.

Хилларига, цо эшийнчу Сандерса а туьхира телефон. Сандерса ша эшнахилар, Хиллари толар тIе ца лоцу. Иза Баракца цхьаьнакхета лерина ву кху беттан 9-чу дийнахь. Шинарийдийнахь демократашна юкъахь кхаж тасарехь 7 штатехь толам баьккхина Хилларис: Калифорнехь а, Нью-Джерсихь а, Нью-Мексикехь а, Къилба Дакотехь а толам баьккхина, ткъа Сандерс Джон тоьлла Монтанехь а, Къилбаседа Дакотехь а.

ХIинца кху шеран Лахьан-баттахь Клинтон Хилларис президентан дарж къовсур ду республиканхоца Трамп Доналдца.

XS
SM
MD
LG