ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Асада а, Оьрсийчоьно а йохош ю Шема-пачхьалкх


Францин арахьарчу гIуллакхийн министр Эро Жан-Марк (Jean-Marc Ayrault). Т1ехьа верг ву Оьрсийчоьнан арахьарчу гIуллакхийн министр Лавров Сергей, 2016.
Францин арахьарчу гIуллакхийн министр Эро Жан-Марк (Jean-Marc Ayrault). Т1ехьа верг ву Оьрсийчоьнан арахьарчу гIуллакхийн министр Лавров Сергей, 2016.

Шемахь Асад Башаран режимо а, Оьрсийчоьно а хаьржина массо а декъехь тIом баран стратегино йохош ю и пачхьалкх аьлла, дIахьедар дина Францин арахьарчу гIуллакхийн министро Эро Жан-Марка. Францийн дуьненаюкъарчу радиохула вист хуьлуш, Эрос элира Асадан ницкъаша дIалаьцначу территорина уллехь кхоллалуш ю «ИГИЛостан» аьлла. Юьйцург ю ДАIИШ.

Францин арахьарчу гIуллакхийн министрна хетарехь, Асада а, Оьрсийчоьно а юьхьарлаьцначу «тIеман а, къизаллин а» некъо вуно йокхха «хаос кхоьллина цу регионехь».

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG