ТIекхочийла долу линкаш

Оьрсийчура вада сатесна ву Сноуден Эдвард


Оьрсийчоь - Москох Сноуденца цхьанакхийтира Баьццарчу партин куьйгалхо Штребеле Ханс-Кристиан, ГIад31, 2013

Оьрсийчоь - Москох Сноуденца цхьанакхийтира Баьццарчу партин куьйгалхо Штребеле Ханс-Кристиан, ГIад31, 2013

Юьжуш яц Iамеркан къайлахчу сервисийн белхало хилла волчу, хIинца цу сервисийн уггаре а луьра мостагI волчу Сноуден Эдвардана гонахара гIовгIа. ХIора дийнахь аьлча санна керла къайленаш гучуйоху цо, Iамеркерчу Iедалхоша болх баран башхаллаш нахала йохуш йолу. ХIинца Сноуден Германе ваха схьавалон некъаш лоьхуш бу немцойн политикаш.

„Айса цу къайлахчу сервисашкахь белхаш бечу муьрехь со теш хилира, сайн урхалло систематикан хьесапехь низамаш дохош хиларна. Со и хIума нахала дакха волавалийтинарш моралан а, этикан а бахьанаш дара. Со теша, Iамеркерачу куьйгалло, дуьненан юкъараллин гIоьнца, шайн хьежамаш хуьйцург хиларх.

Ткъа со суо сайн доллучу жоьпаллийца кийча ву, Iамеркахойн къайлахчу сервисаша болхбаран башхаллаш, - хаамийн гIирсашкахь IалагIож яьхнарш а цхьаьна, - къасторехь гIо дан, царех бакъ-харц дерг билгалдоккхуш накъосталла дан а“ - иштта бу мукъаденошкахь Сноуден Эдварда яздина, ткъа немцойн цIеяхханчу политико, Баьццарчу партин куьйгалхочуо Штребеле Ханс-Кристиана журналисташлахь даржийначу кехатан боца чулацам.

Лерина Москоха вахнера Штребеле Сноуден Эдвардица цхьаьнакхетархьама. Цкъа хьалха, и цхьанакхетар чекхдаллалца, къайленехь латтош дара политико ша цу Iалашонца Москоха воьдуш хилар а, ганне а ша Сноуден ган ойла йолуш хилар а - тIаьххьарлерачуьн лорах Iамеркахойн къайлаха сервисаш ца кхачийта.

Ма -дарра аьлча, Штребелес ша Сноуденца цхьаьнакхета воьдуш хилар массарех а лачкъийнера, немцойн урхаллех а, немцойн Москохарчу векалтах а, - и саннарг Бундестаган депутаташ кхечу пачхьалкхе боьлхучу хенахь магийна дацахь а. Цуо дийцарехь, цунна ца лаьара, я шен даймахкарчу а, я цхьанна а кхечу пачхьалкхенерчу а къайлахчу сервисийн белхахоша шен Сноуденца долчу къамелан тилам бар. Ур-аталла мобилан телефон а схьа ца эцнра цуо ша экс-агент ган воьдучу хенахь.

Ша политико дийцарехь, Сноуденца цхьанакхета ойла цуьнан яханчу аьхка кхоллаеллера, Къоман Кхерамазаллин Агенталлин белхахо хилла волу Сноуден шен гучудийхарш долон ма ваьллий. Цуьнан гIоьнчаша Сноуден Москохарчу Шереметьево аэропортан транзитан зонехь лечкъина Iачу муьрехь дуьххьара зIене а бевллера цуьнца. Амма хIетахь экс-агентица цхьанакхетар немцойн уггаре а вевзачех политикан ца хилира. Ткъа кху мукъаденошкахь и Iалашо эххар а кхочушхилира Штребелен. Иза цу цхьанакхетарх вуно догдуьзна цIехьа а вирзира.

Штребелес Сноуденна тIедаьхьана хиллачу хеттарех коьртаниг, кхеташ ма-хиллара, Меркел Ангелин мобилан телефоне Iамеркахойн къайлахчу сервисхоша ладугIуш хиларех цунна хIу хаьа, бохург дара. Ткъа Сноудена ша муьлхачу хенахь а немцойн прокуратурин хеттаршна жоп дала кийча хилар тIечIагIдира. Иштта цуо хаийтира, аьтто хилча, ша Германе ваха дехьа вала кийча хилар а.
Амма иштт атта хIума дац и ший – а немцойн Iедалхоша Сноуденца таллам дIабахьар а, я Сноуден Германе дехьавалар а.

Цхьана шарана Оьрсийчохь Iе бакъо еллачу Сноуденан аьтто бац цхьанна а кхечу махка дехьа-сехьа вала - нагахь санна цуо иза дахь, цуьнан Оьрсийчу юхаверза йиш хир яц низамашца. Ткъа Германе я муьлха а кхечу махка иза тIевита цигара лаккхара куьйгалла Цхьанатоьхначу Штатех ца хIутту, Сноуден Обамин урхаллин коьрта мостагI хилла дIахIоттарна а, иза дуьненан мичча маьIIехь велахь а, лаца а, чуволла а кийча Iамеркахойн Iедал хиларна.

Ца хIутту иза дан иштта Меркел Ангела а, шен а, шен гергарчу гуонан а къамелашка Iамеркахоша шерашкахь ладегIна хилар гучудаьллачул тIаьхьа а.

Бакъду, - иза иштта Баьццарчу партин куьйгалхочуо Штребеле Ханс-Кристиана а билгалдоккху, - цхьаццадолчу хьелашкахь немцойн Бундестаган бакъо ю, Меркелан кабинете а ца хоьттуш, стагана политикан тховкIело яла, нагахь санна и стаг немцойн пачхьалкхана пайдехьа хир ву аьлла тешам белахь. Ткъа Сноуден, Штребелен хетарехь, шеко а йоцуш, Германина а, доллучу дуьненна а пайдехьа ву, иза ларван а, цуьнан кхерамазалла Iалашъян а дуьненан юкъаралла а, политикаш а декхаре а беш.

Цул совнаха, немцойн Бундестаган дуккхаъ депутаташ лерина комисси кхолла лууш бу, Iамеркахойн шпионийн талораш талла. Цу комиссин белхана мах бина а ца волу теш хир вара Сноуден Эдвард.

„Сноуден муьлхачу а хенахь Германе а веана, тоьшаллаш дан а, шена хууш йолу къайленаш йийца а кийча ву, нагахь санна ша цул тIаьхьа Германехь а, муьлхачу а кхечу Европерчу пачхьалкхехь кхерамазаллехь ваха йиш хир елахь“, - аьлла дийцира Штребелес шен пресс-конференцехь. Иштта цуо хаийтира, Сноуден ка ма доллу сиха Москохара дIаваха сатуьйсуш хилар а.

Ткъа Бундестагехь доккхохдолу дакъа Меркелан партин накъостий хиларх терра, тIедогIучу деношкахь, шеко а йоцуш, Сноуденна гуонахьара гIовгIа лах-м тешна а лур яц немцойн лакхарчу Iедалан тушпхьанехь.
XS
SM
MD
LG