ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

ГIаттамхошна гIо латтийна ву аьллачу ГIалгIайчуьра лоьрана хан тIетоха дуьхьал хилла прокурор


ГIалгIайчоьнан Лакхара кхел, архивера сурт
ГIалгIайчоьнан Лакхара кхел, архивера сурт

Мехкан хьакъволчу лоьран Гайтукиев Багаудинан хьокъехь апелляцин гIуллакх ГIалгIайчуьра Лакхарчу кхелехь сацийна. Стохка гIуран-баттахь арахь даккха пхи шо тоьхнера цунна гIаттамхошна гIо-накъосталла латтийна ву аьлла. Прокуроро таIзар чIагIдар дехнера, делахь а, тIаьххьара а шен дIахьедарна йухавелира иза, хаамбина кхелан пресс-гIуллакххоша.

Шен тIедожор йухаэцаран бахьана ца дийцина прокуратурехь. И гIуллакх кхин дIа листар сацийна, оцу кепара хийцаза дуьсу кхелахойн хьалхалера таIзар.

Официалан версица, ГIалгIайчуьра лоьро, гIоьналлин гIуллакхаш а лелочу Гайтукиевс 2016-чу шарахь накъосталла дина боху, тIаьхьо таIзар динчу гIаттамхочунна Абадиев Мохьмадна молханаш оьцуш. Гайтукиевс чIагIдо, Абадиевн берана дIакхачийна молханаш, ша дарба лелош дара цунна, ткъа Абадмев тIемало вуй, цунна хууш дацара. Делахь а бехк берриг а шена тIелаьцна, дохковаьлла ша аьлла цо, кхелехь дIахьедарца.

Цул совнах Гайтукиевна дуьхьал даьккхинера терроризмана гIо латтор аьллачу артиклехула гIуллакх а. Цуьнан бухе дехкинера, лоьрехула тапча схьакхачийнера шена аьлла, Абадиевс аьлла дешнаш. ТIаьхьо дIахьедира цо, "галваьллера, тилавеллера" ша аьлла. Тапча схьайелира бохучу заманчохь педиатр Оьрсийчохь а ца хиллера, цуьнан тоьшалла до арахьарчу мехкашкахь лелачу паспорта тIехь йинчу билгалоно. Адвокаташа латкъам бира оцу гIуллакхехула Гайтукиев бехке озорна.

  • 2022-чу шеран зазадокху-баттахь лаьцна Гайтукиев цIера дIасавалар а дихкина витира. Прокуратуро набахтехь даккха цунна ворхI шо хан тохар тIедожийра.
  • 2009-чу шарахь гIаравелира Гайтукиев Багаудин, хIетахь ГIалгIайчоьнан республикин урхаллехь хиллачу Евкуров Юнус-Бекан коврана Iожалхочо тIелатар динчул тIаьхьа, цунна операци йича. "ГIалгIайчоьнан хьакъволу лор" цIе йелира Гайтукиевна. Лоьралла лелийна ца Iаш, цо жигара гIоьналла латтадо таро йоцчу нахана а, буоберашна а, царна хIусамаш йеш, молханаш латтош, дозанал арахьа дарба дан дIа а бохуьйтуш.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG