ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Гуьржийн Iедалша дIахьедина, Саакашвилина геч дийр дац шаьш аьлла


Саакашвили Михаил мацалла хьоьгуш ву ГIадужу-беттан 1-чу дийнахь дуьйна  
Саакашвили Михаил мацалла хьоьгуш ву ГIадужу-беттан 1-чу дийнахь дуьйна  

Гуьржийчоьнан президента Зурабишвили Саломес юха а билгалдаьккхина, хиллачу пачхьалкхан куьйгалхочунна Саакашвили Михаилна геч дийр дац ша аьлла, хаам бо Радiо Свобода сайто.

"Хиилачу президентана геч дарх лаьцна сан позици чIогIа а, хуьйцур йоцуш а ю – хIа-хIа а, цкъа а", - дIахьедина Зурабишвилис.

Цо билгалдаьккхина, Саакашвили политикан тутмакхан а, бехке цахиларан а критерешца вогIуш вац аьлла.

"Иза шен лаамехь къайлаха чувеана пачхьалкхе къепедацарш лело. Цуьнга хьаьжна доцуш а, юкъараллин йоккха хьашто хилар бахьана долуш а, даре дан деза иза ша-тайпа тутмакх хилар, шена тIе тидам бахийта безаш волу пенитенциарин сервисан администрацин а, Iедалан а, цуьнан могушалла галъяларх политикан спекуляцеш еш а, къепадацарш меттахдохуш а пайда ца эцийта", - аьлла Зурабишвилис.

Саакашвили къайлаха Гуьржийчу кхечира Гезгмашин-беттан 29-хь. ГIадужу-беттан 1-хь иза дIалецира Тбилисехь. Карарчу хенахь иза набахтехь чувоьллина ву Руставехь. Гуьржийохь цунна дуьхьалдаьккхина ду масех криминалан гIуллакх. Гуьржийчоьнан Iедалша масийттазза дIахьединера, шаьш лоцур ву иза, цо доза хадийнаул тIаьхьа аьлла. Ша лацар нийса дац аьлла хета Саакашвилина, ткъа шена дехкина бехкаш харц кхоьллина ду аьлла хета цунна.

Гуьржийчоьнан хиллачу президентан лоьраша дIахьедарш до, цуьнан могушалла галйолуш хиларх лаьцна. Саакашвили мацалла хьоьгуш ву ГIадужу-беттан 1-чу дийнахь дуьйна.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG