ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Кадыровхоша лачкъийна Белгородан кIоштара волонтер кхелхина СИЗО-хь- зорбанаш


Гайтаман сурт
Гайтаман сурт

Украинан бахархошна цIа бахка гIо деш хилла, оцу тIехула нохчийн ницкъахоша лачкъийна вигина Белгородан кIоштара 61 шо долу Демиденко Александр кхелхина талламан изоляторехь охан-беттан 5-чохь. Цунах лаьцна йаздо "Вот Так" хьасто волонтеран гонера шен хьасташна тIетевжина.

Хьалхо хаамбарца, Белгородера номер 3 йолчу СИЗО-хь латтош вара Демиденко. Цуьнан адвокато хаийтина веллачун доьзале хиллачух кхо де даьлча, охан-беттан 8-чохь. Иза кхалхаран бахьанаш дуьйцуш дац.

Демиденко вайнера Белгородан кIоштара Оьрсийчоьнан "Колотиловка" постехь гIадужу-беттан 17-чохь. Волонтераша дийцарехь, дозанхойн посте цхьа йоккхо зуда йалош веанера иза, амма цигахь цунна дуьхьал машенаш тийсира и меттиг Iалашйечех шиммо. Цул тIаьхьа цуьнца зIе хедира.

Кхо де даьллачу хенахь Белгородера волонтеран Демиденко Александран хIусамех хьовса баьхкинера полицин белхахой а, "Запад-Ахмат" батальонан эскархой а. Демиденкон хIусамнанас Вишенкова Натальяс бахарехь, цхьа ракета кхусу хIума а, тапча а" дIайаьккхира цара. Ткъа цуьнан хIусамден дегIа тIехь таммагIаш дара – тIехь ницкъбина хила тарло цунна.

ХIеттахь чохь даккха 10 дей-буьйсий туьйхира цунна нахана йуккъехь къаьркъа меллера цо аьлла, Белгородан кIоштара машаран суьдхойн картотекехь и гIуллакх карон аьтто ца белира Кавказ.Реалиин редакцин. И хан чекхйаьлча, волонтер кхин а 30 денна лаьцна витира. Оцу заманчохь бехкзуламан гIуллакх даьккхира цунна дуьхьал, бакъо йоцуш герз лелорна а, пачхьалкхана йамартваларна а – Украинана "къайленан хаамаш" дIакхачош хилла бохура цо.

Демиденко Олегана хетарехь, цуьнан дена тIаьхьабовлар доьзна хила тарлора, "Колотиловка" постехь украинхойн мухIажаршкара ахчанаш дахарца къийсам латторна. ГIадужу-беттан 11-чохь "Пепел" канало зорбане баьккхира цунах лаьцна бина таллам. Материалана публикаци йина йалх де даьлча волонтер лачкъийра.

  • Шуьйрачу тIамаца Оьрсийчоь Украинана тIелеттачул тIаьхьа 61 шо долу Демиденко Александр тIамана дуьхьал пикеташка вуьйлура, гIо дора цо украинхойн мухIажаршна даймахка йухабогIуш, дозане дIабуьгура уьш, шен цIахь тIеоьцура. Буьйса йаккха дезна 900 гергга стаг чекхвелира цуьнан хIусамах – тохарш дарна кест-кеста дозанхойн пункт дIакъовлуш хиларна.
  • Нохчийчохь вовшахтоьхна, тIеман министраллина йукъайогIу "Запад-Ахмат" батальон Белгородан кIошта хьажош барт хилира марсхьокху-беттан 12-чохь Белгородан кIоштан губернаторца Гладков Вячеславца депутатан Делимханов Адаман цхьаьнакхетар хиллачул тIаьхьа. Украинан агIор тIемаш бечу диверсин тобанаша оцу мехкан кIошташкахь рейдаш йолийначу йуккъехула нисделлера и. Нохчийчоьнан куьйгалхочун Кадыров Рамзанан инициатива йара иза – америкахойн тIом зуьйчу Институтан (ISW) экспертана Степаненко Катеринина хетарехь, Украинехь цаьрга тIом ца байтархьама дина хила тарлора и.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG