ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Лахлуш дац ДАIИШ-ах дIакхета луучу нохчийн терахь


Шема -- ДАIИШ-ах дIакхеттачу нохчаша шаьш лелочунна юкъаийзадо шайн бераш.
Шема -- ДАIИШ-ах дIакхеттачу нохчаша шаьш лелочунна юкъаийзадо шайн бераш.

Шемахь куп тоьхна чIагIъеллачу ДАIИШах дIакхета боьлхучеран терахь лахлуш ца хилар бахьан дара, оршотдийнахь, Соьлж-ГIалара Зорбан цIийнехь горга стол олу цхьанакхетар дIадахьарна.

Цигахь дакъалаьцначу юккъаралхоша а, бакъонашларъярхоша а, Iедалхоша а даре дора, оцу низамца догIуш доцучу хIуманна, дуьхьало кхиъ чIагIъян езаш хилар. Нохчийчохь иштта а церан гергарчарна, ма хуьллу таIзар ду деш, ткъа и царна кхерам боллушехь, уьш цига дIаэхаро гайтина, цунна дуьхьал цхьа кхин некъ оьшуш хилар.

Шаьш оцу цхьанакхетарехь айдинчунах иштта дийцира «Зударий кхиамехьа» цIе йолчу юккъараллин цхьанатохараллан куьйгалхочо Базаева Липхана.​


Базаева: «Вайн кегирхой а, зударий а ДАIИШ-о тIекIабарх, вайн кегий нах царех ларбан дезарх а дийцира оха оцу горгачу стоьлехь. Оцу зуламан юккъе уьш бахле дуьхьал баккха цхьа некъ лаха безаш хилар а дийцира».


Къона божарий Шема дIаоьхуш хилла а ца Iаш,ДжихIад доккха шаьш бохучеран могIаршка боьлху зудабераш а, марех болу зударий а. Масех бутт хьалха иштта хиллера Нохчийчохь а. 4 бер а эцна, къайлахь цига дIаяхнера къона зуда.

Иза тахана а карийна яц, цунна тIаьхьабевлачу марсхошна а, дехошна а. И нах Iехош, болх беш, боккха ницкъ бу, церан синкхетам карча а бой, уьш Интернетехула цига тIекIа беш, аьлла кхин дIа а дийцира юккъаралхочо Базаева Липхана.


Базаева: «Иштта меттигаш а ма ю. Тхуна хаа а хууш хIара хIума ду хилла. 4 бера далахь а, 22 шо бен дац цуьнан. Иза жима ю ша а. Майра а цхьана генахь болх беш хилла. Интернетехь, цуьнца зIене бовлу цхьа нах, цуьнан корт хьовзабо, хьо Ялсмане яха еза, хIара дуьне дош дац олий. ТIаккха, ма дош дац ша лелош дериг, аьлла царна тIаьхьа а ялла дIаяхна и зуда».


Кху сихачу заманахь, нохчий, шаьш тIемаш бахьнехь кхочуш ца дина долу дахаран хьелаш тадан гIерташ, букъсаттийна белхаш беш хуьлу, дукха хьолехь. Долу-долаш, бераш а церан Iуналлера долу, тIаккха цхьаъ хилча, тIаьхьа хуьлу, аьлла хета Базаева Липханна. Цо билгалдаьккхира, дас-нанас уггаре хьалха, иштта ца хилийта, шайн бераш тергоне эца дезарг.


Базаева: «Дай-наний шайн доьзалца къамеле долуш хила деза. Оха шу кхобу, «сискал» латтайо, бедарш а оьцу бохуш Iан ца деза. Коьртаниг берашка дешийта а деза, уьш Iамо а деза, диканиг-вониг а, цIенадерг-боьханиг а, нийсаниг- харц дерг акъасто. Иза коьрта ду цара бечу балхал».

Дукхачу декъан Шема тIом бан оьхучу неххан категори хIара ю, уьш доьзалехь токхо йоцуш, я тIехь Iуналла доцуш, я мискачу доьзалера бара олийла дац. Лаккхара доьшийлаш яьхнарш а, дукха баккхий бахамаш болчеран доьзалхой а лаьцна оцу радикалхойн машано.

Цундела, и гIуллакх, кестолгIа кхиъ шуьйра, цхьана Нохчийчохь а доцуш, луларчу мехкашкара векалш а кхайкхина йоккха конференци дIаяхьа Iалашонехь ду, тахана Соьлж-ГIалара горга стол вовшахтоьхначеран.

“Маршо Радион” доттагIий, шун аьтто бу тхан Facebook-ерчу аккаунтах пайда а оьцуш, тхан дискуссехь дакъалаца. Шун комменташна модераци ян эшарна, уьш сайтехь жимма тIаьхьо гучуевр ю. Нагахь санна тхоьга яийта шайн видео а, аудио а материалаш елахь, шун аьтто бу иза кху телефонца WhatsApp-e я Viber-e схьаяийта: 420 724 019832

XS
SM
MD
LG