ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Нохчийчохь мукъамийн барам дIахIоттийна


Гайтаман сурт
Гайтаман сурт

Кхоллараллин, мукъамийн тобанийн куьйгалхошца хиллачу кхеташонехь Нохчийчуьра культурин министро Дадаев Мусас дIахьедина, мехкан урхалхочуьнца дага а ваьлла, "тIейогIучу заманчохь йоллу музыкин, иллийн, хореографин темпан барам минотехь 80 тохарна тIера 117 -не хила беза" аьлла.

Цунах лаьцна хаамбина пачхьалкхан информацин "Грозный-Информ" агенталло, урхаллин пресс-гIуллакххошна тIетевжина. Ишта министралло дIахаийтина "нохчийн мукъамаш, иллеш-эшарш, хелхарш нохчийн менталитетаца а, мукъаман ритмехь а догIуш дуй хьожуш, боккха болх" дIахьош бу шаьш аьлла.

Мукъаман темпах мича бакъонан баххаш тIехь сацам тIеэцна, билгалдаьккхина дац. Ишта хоуьйтуш дац, халкъан музыкехь латтор йолуш йу терго, йа кхечу жанрашкахь а, кхин дIа дохур долчу мукъамашца доьзна ду и, йа хIинца долчех а хьакхало, композиторех, йа илли дIаолучарна а тIедожош ду, ишта къастийна дац.

Мукъамийн темп йустуш йу минотехь дечу тохаршца (ингалсхойн. BPM – beats per minute), цо билгалйоккху цхьана минотехь дIалокху йоьалгIа нотин терахьалла. Музыкехь минотехь лелош йу 40 тIера 200 -не темпаш, йа кхин а сов тохараш минотехь. 80-116 минотехь тохарш долу диапазон йогIуш йу гIеххьачу темпера жигаралле йолуш.

  • 2019-чу шарахь Нохчийчохь иллиалархой декхаре бира шайн репертуар кеп-кепарчу комиссешца йийцарейан.
  • Нохчийн пачхьалкхан филармонин директоро Шагидаева Динас 2021-чу шарахь дIахьедира "шайггара иллеш олуш, социалан машанашкахь уьш даржочаьрца къайсам латтон" дагахь хиларх. "Нохчийн кегийрхошкахь товш доцург ду и" аьлла, тIетуьйхира цо.
  • Азербаджанхойх волчу иллиалархочун Jony-н (бакъйолу цIе - Джахид Гусейнли йу) концерт йукъахйаккха гIиртира Соьлж-ГIалахь динан фундаменталисташ а, "оьздангаллехьа къуьйсурш" а 2022-чу шарахь, цара йемалдира цуьнан иллеш алар, кхайкхамаш бира махкахошка, цуьнан концерте шайн зудабераш ма дахийта аьлла. Артистехьа гIо даьккхира мехкан куьйгалхочо Кадыров Рамзана а, къоман политикан, информацин министро Дудаев Ахьмада а. Бакъду, хьалхо нохчийн хьаькамаша а цхьаьна масийттаза кхайкхамаш бира поп-музыкин концерташ республикехь йехка бохуш.
  • Оццу шарахь кхин дIоггара йевзаш йоцчу "Тхан хIусам – Соьлжа-гIала" йукъараллин организацин куьйгалхочо Гучигов Сайпуддис хьийхира Къилбаседа кавказехь "Маьттазаллица къийсам латтон Комитет" кхолла йеза аьлла. Цо билгалдоккхур ду бохура, муьлхачу артистана мегар ду махка а веана, цигахь концерташ йала. Цуьнан "Iаьржачу тептарехь" нисбелира Нохчийчоьнан куьйгалхочуьнца Кадыров Рамзанца доттагIаллин уьйрашкахь болу артисташ а цьаьна.
  • 2023-чу шарахь, Туркойчохь вехачу оппозиционеран, блогеран Халитов Хьасанан вашас Халитов Рамзана тIелатар дира Москварчу GeneSIS life k-pop-тобанан декъахошна. Машанашкахь йаржийначу роликашкахь Sota гIирсана цуьнца цхьаьна хаавелла "Къоман маршонехьа тобанан" векал Соболев Дмитрий. Хетарехь, дов даларан бахьана цушинна "дастаме" хетта хелхар дара.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG