ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Нохчийчоьнан цIарах сенаторан вешин кIантехь дуккха а герз даьккхина. ДIахецна иза


Нохчийчоьнан цIарах Федерацин Кхеташонан декъашхо Геремеев Сулейман/ Архивера сурт
Нохчийчоьнан цIарах Федерацин Кхеташонан декъашхо Геремеев Сулейман/ Архивера сурт

Нохчийчочьнан цIарах Федерацин Кхеташонан декъашхо волчу Геремеев Сулейманан вешин кIентан Геремеев Iийсан машен сацийнера некъан полицино Москвахь. Машенах хьоьвсича гучудаьалла цу чохь ворхI тапча а, йиъ автомат а, ворхI бIе сов патарма а, хаамбина "Новая газета Европа" гIирсо, ша Геремеев лаьцна хиларна тIе тидам а узуш.

Хетарехь Оьрсийчоьнан бакъоларйаран органашца йоьзначу, ВЧК-ОГПУ телеграм-канало чIагIдо, "дош лелачу цуьнан гергарчу наха телефон тохарна" Геремеев ца лоцуш витира аьлла.

Пачхьалкхан информацин ТАСС агенталло, шайн хьасташна тIетевжина, кхин верси йийцира: цуьнгахь гучудаьлла герз "низамца а догIуш, регистраци йина дара" аьлла. ВЧК-ОГПУ-н а, РБК-н а хаамашца, герз дIадахьа цхьана а кепара бакъо лун кехаташ Геремеевгахь хилла дац.

Нохчийчоьнан куьйгалхочун Кадыров Рамзанан уллорчу накъостан, Оьрсийчоьнан парламентан депутатан Делимханов Адаман гIоьнчас дIахьедина, Геремеевх "жимма некъан бохам Iоттабеллера, орцана баьхкинчу ДПС-н белхахоша гIо динера" цунна аьлла.

  • ХIинццалц схьа Геремеев Iийсах лаьцна дуьйцуш дацара. Цуьнан деваша, Геремеев Сулейман Кадыров Рамзана уллорчу гонера стаг ву. Ву иза ишта Думин депутатан Делимхановн шича. Цхьа могIа даккхийчу зуламашна бехке волу таро йу Геремеев аьлла, шаьш бина таллам зорбане баьккхинера "Новая газето". 2009-чу шарахь сенатор хинволчуьнга хеттарш дира теше санна, Кадыров Рамзанца цу хенахь дов лаьттина, Оьрсийчоьнан Турпалхо Ямадаев Руслан верца доьзна
  • Геремеев Сулейманан вешин кIант – Геремеев Руслан- нохчийн "Север" батальонан хилла командир ву. Лаца кхайкхийнера иза 2015-чу шарахь Немцов Борис вер вовшахтоьхнарг ву аьлла, шеконаш хилла цунах. Иза вийнарг ву аьлла набахтехь даккха 20 шо тоьхна Дадаев Заур цуьнан куьйгакIел хилла ву. Делахь а талламан аьтто ца хилла тахханалц Геремеев Руслане хеттарш дан. Геремеев вехачу хIусаме даьхкира шаьш, неI ца йиллира цхьаммо а, дIахьединера хIетахь цуьнга хеттарш дан вахначу Талламан комитетан белхахочо. Немцовн гергарчара а, белхан накъосташа а дIахьедо Оьрсийчоьнан Iедалхошна лууш цахиларх талламан барамаш дIабахьа, Геремеевн Нохчийчоьнан урхалхочуьнца Кадыровца гергарлонаш хиларна.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG