ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Оьрсийн салташа вийначу цIийндех компенсаци йаккха хьийза 24 шо ду Нохчийчуьра йахархо


Нохчийчуьра Лакхара кхел
Нохчийчуьра Лакхара кхел

Оьрсийчоьнан эскархоша вийначу шен цIийндех компенсаци йаккха хьийза 24 шо ду Нохчийчуьра йахархо Сусаева Сайхьат. Цуьнан иск толлуш йу Ахматан кIошто.

ГIуллакхан материалашкахь йаздарца, Сусаев Ахьмад а, кхин а лулара 30 вахархо а лечкъина хиллера Соьлжа-ГIалара номер 50 йолчу школин ларми чохь. ХIетахь Оьрсийчочьнан эскарша виъ стаг дIавигинера, шайца Сусуев а волуш. ХIетахь дуьйна царах хилларг хууш дац. Маьрша нах лачкъийна бигарх бекхтакхаман гIуллакхаш а долийра.

Делахь а федералан эскарша дIахьедора, гIаттамхошца боьзна бу аьлла, шеконаш хилла лецнера шаьш божарий аьлла. Амма царах талламаш бинчул тIаьхьа буьйралло сацам бинера полкан декъа тIера уьш дIабаха. Цул тIаьхьа царах хилларг къастон аьтто ца хилла талламхойн.

2019-чу шарахь Соьлжа-ГIалара Ленинскан кIоштан (хIинца Ахматан) кхело миллион сом компенсаци хIоттийра Сусуева Сайхьатна, йиссина зудчо кхо миллион тIедожинашехь. 2022-чу шарахь финансийн министралло къевисра и сацам. Кхелан кхеташо йу аьлла Сусаева Сайхьанте хаийтина цахиларна, керла сацам къовса аьтто ца хиллера цуьнан. Цундела тIаьхьо кхеле йелира иза арз чудала мега хан меттахIоттор доьхуш.

  • 2013-чу шарахь "Кайхаров а, кхинберш а Оьрсийчоьнна дуьхьал" гIуллакхан гурашкахь Европан адамийн бакъонашкахула йолчу кхело бакъдира, Оьрсийчоьнан Iедалхоша гIуллкх эвсара теллина цахилар Нохчийчуьра виъ стаг варах, компенсацеш царна йалар а тIедожйира (Сусаева йац оцу гIуллакха йукъахь).
  • 2000-чу шеран юьххьера схьа дуьйна Нохчийчохь хьалхара тIом боьдуш йохийначу шен петарна дуьхьал керла хIусам йалийта хьийза Соьлжа-ГIалара йахархо Денисултанова Зура. Европан адамийн бакъонехула йолчу кхелехь оцу гIуллакхехь толам баьккхира цо, амма Соьлжа-ГIалин мэри реза йац 2011-чу шарахь цунна хIусам ло аьлла бина сацам кхочушбан.
  • Дагестанан Лакхара кхело дуьхьало йина меттигерчу вахархочун Хакиев Сурупашин мехкан куьйгалхошка лакаш дехьабахарца йоьзна иск къобалйан. 1944-чу шарахь къам махках доккхучу хенахь шегара схьадаьккхинчу цIийнах компенсаци йаккха хьийжира иза. Оцу программехула 2022-2023-чу шерашна а ахча дац аьлла, дIахьедира Iедалхоша.
  • 2000-чу шарахь Керла Алды поселкехь дуккха а нах байарна бехкзуламан гIуллакх айдайта Соьлжа-ГIаларчу Старопромыслан кIоштан кхело бина сацам Нохчийчуьра Лакхара кхело юхабаьккхира. 20 шо сов зама ю Оьрсийчоьнан бакъоларйаран органаша ца толлу, мила вара эвлана тIелетта, 60 гергга меттигера вахархо вийнарг.
  • Нохчийчохь тIемаш боьлхучу хенахь дохийначу цIийнах Даев Iусманна дIадала Оьрсийчоьнан финансийн министраллина 1,6 миллион сом тIедожош бина сацам юхабаьккхина Нохчийчуьра Лакхарчу кхело. ГIуллакх кхин цкъа а листа дIахьажийра. ГIуллакхан материалашца а догIуш, 75 квадратан метар йолу Даевн цIа Хилдехьарой эвлахь дара, иза дохийнера 1995-2000-чу а шерашкахь тIемаш боьлхуш. ХIусам йохийна хиларх дефектан актехь а тIечIагIдина ду 2003-чу шарахь. ХIетахь комиссига кехаташ чуделлера цо компенсаци йаккха, уьш тергамза дитира цуьнан.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG