ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Сулейманова лачкъийначул тIаьхьа иза йерах гIуллакх айдина. Цуьнан гергарчарна ца хаьа йоI стенгхь йу


Сулейманова Седа
Сулейманова Седа

Кадыровхоша Санкт-Петербургехь 26 шо долу нохчийн йоI Сулейманова Седа лачкъийначул тIаьхьа гIуллакх долийна стаг вер аьллачу Iедалан къепехула, къастийна кризисан "СК SOS" центран белхахоша. ЙоьIан гергарчара дIахьедина, иза йуха а цIера йеддера – оцу тIехула полицига хаам ца бинера шаьш аьлла. Хьалхо бакъоларйархошка хаам кхаьчнера "сий лардеш" Сулейманова йийна аьлла.

Бехкзуламан гIуллакхах лаьцна дийца даьккхира охан-беттан 3-чохь, Сулейманован доттагIчо Патяева Ленас дIахьедар чуделлачул тIаьхьа, зазадокху-беттан 25-чохь айдина хиллашехь. Талламхочо хIинцале а тIекхайкхина хеттарш дан Патяева. Оцу гIуллакхехь волайнхо йу аьлла билгалйаьккхина Седин нана, цхьана а кепара дIахьедарца ницкъахошка йаьлла йоццушехь.

Карарчу хенахь гергарчара дIахьедо, чиллан-беттан 5-чохь йуха а иза цIера дIайахнера аьлла. Оцу йукъанна чиллан-беттан 6-чохь "СК SOS" тобанан белхахоша телефон тоьхнера цуьнан шина гергарчуьнга, цара чIагIонаш йора, Седа шайна уллохь йу бохуш, амма телефон цуьнга дIакховдо дуьхьал хилира уьш. Чиллан-беттан 7-чохь "СК SOS" тобано дийцира Сулейманова йийна хила тарло бохуш. Информаци кхаьчнера цаьрга махкара вовшашца йозуш йоцчу шина хьастера.

Стохка марсхьокху-баттахь, цуьнан герарчара кехаташ чуделла, Сулейманова Седа нохчийн ницкъахоша Санкт-Петербургера лачкъийна Нохчийчу дIайигира. Хьалхо йоI йеддера цIера, бертаза маре йала хьийзорна. Цуьнан доьзало массара а лелош йолчу кепах пайдаийцира: цара бехкейира Сулейманова къола дарна, йоI хеттарш дан цIа йигина шаьш элира.

  • Прокуратурина арз дан лерина ву адвокат, Сулейманова Нохчийчу шен лаамехь йеара аьлла, хьесап динчу.
  • Гезгамашин-баттахь Нохчийчохь адамийн бакъонаш Iалашйан векал винчу Солтаев Мансура видео зорбане хIоттийра, шен Сулеймановаца хилла цхьанакхетар гойтуш. Цу тIехь йоIа дош ца олу; хIетахь дуьйна йоIах лаьцна керла хаам хилла бац.
  • Сулейманова йайначул тIаьхьа эзарнаш наха официалан урхаллашка кехаташ дахьийтира, йоьIан доттагI Патяева Лена шозза лецира Сантк-Петербургехь Оьрсийчоьнан Iедалхошка оцу гIуллакхан йистйаккхар доьхуш, пикеташка йийларна.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG