ТIекхочийла долу линкаш

Белхаш ца хиларо къелла яржайо


Нохчийчоь - тIемаш болчу хенахь ишта лелара нах. ХIинца а башха тоделла хьал дац, 31Заз1995

Нохчийчоь - тIемаш болчу хенахь ишта лелара нах. ХIинца а башха тоделла хьал дац, 31Заз1995

ХIуъа дича а белхан меттигаш хуьлуш яц Нохчийчохь. Iаьржа белхаш беш, арахьа тIебаькхина нах бу. Ишта хIоьттинчу хьолехь лелочу шайн бошмех а, кертарчу даьхнех а беха дукхах болу республикера бахархой. Иза а дацахьара, сагIа деха арабовллал хьал дара.


Вайнахалахь олуш ма-хиллара, бIаьсте-аьхкенан хан, балхана «катуху мур» бу. Кхузара цу хенаца боьзна хуьлу дукха могIарерчу бахархойн сатийсамаш а, дегайовхо а. Iедалан балхахь боцурш кхузахь чот йоцуш дукха хиларна хьалххехь гIайгIа ян езаш нисло йохъелча бен болчу белхан. Масала, иштта хьалххехь дуьйна а шайна « зайл» беттачех бу кибарчиг йилла говзалла ерш а, пилта охьайилла хуурш а, гIишлошна бух буттуш берш а, иштта дIа кхин а.

Делахь а нохчашлахь кIезиг бац говзалла йолуш а, йоцуш а, къахьега мел лаам белахь а, болх-некъ а боцуш, дан хIума доцуш биснарш. Уьш официалан даре а деш, бIеннаш эзарнашкахь бу. Iаткъам бийриг ду хIора шарна а, церан могIарш дукълахь бен, лилха довлуш ца хилар. ТIейогIучу ханна, кхана-лама, кIира даьлча, шо даьлча, аттачу дер ду-кх дахар аьлла, стаканан Iайг хиллал а дегайовхо йисина ца хилар.

100 долларш ирахкхуьйссуш, сакъоьруш бу Iедалехь берш, Гуьмс, 29Заз2006

100 долларш ирахкхуьйссуш, сакъоьруш бу Iедалехь берш, Гуьмс, 29Заз2006

​Нохчашлахь, цхьана муьрехь бечу белхан меттигаш хаъал лахъеш, къееш кхин цхьа бакъдерг а ду кхузахь зеделла. И доьзна ду, адаман дуькъаллица къаьсташ йолчу, куй биллал жимачу Нохчийчохь чот йоцуш дукха азиаташ баржарца: вьетнамцаш, китайцаш а. Цара охьабожа буьтуш бац махкахь цхьа цхьа а, олуш ма-хиллара Iаьржа болх: цIенкъаш яхкар, массо тайпа хьахарш кхочушдар, пилтанаш яхкар а, кхин берш а.

Махкахь белхан меттигийн вуьшта къоьлла йоллушехь, Iедалехь болчара цхьана а кепара тидаме оьцуш я церан бала кхочуш хIума дац, Нохчийчохь цIоз санна, Iаьржа белхалой баржар, уьш кхузахь цу декъехь олалла деш болу масех шо доллушехь. Уьш бан а боцуш, гIала-м стена юьйцу, цхьа а кIошт, юрт янне яц. Болх луш болчарна товриг ду и ялхой мелла а борах хилар, къизоргаш санна тIе а летий, леткъамаш ца беш, сиха къахьегар.

Цу кепара болх-некъ боцуш хало Iуьйшуш бахархой а болуш, цуьнца доьзна зазадоккхуш дебаш къоьлла а йолуш, урхаллехь болчара Африкин биста кхаччалц, къечу пачхьалкхашна гIо дан кийча ду аьлла, динчу дIахьедаро цец-акъ баьхна меттигера бахархой.

Гуьмсера Кадыров Рамзанан долара хIусамаш, 11Гез2008

Гуьмсера Кадыров Рамзанан долара хIусамаш, 11Гез2008

«Къайле яц, куьйгаллехь берш боцуш, Iедало тIеозийна, дика дина, зовкх хьоьгуш, цхьа чкъор ду Нохчийчохь. Шаьш хIун юхур ю а, хIун дуур ду а ца хууш букъбелла бу уьш хьолана. МогIарерчу стага, масех шарахь ахча а гулдой, 4-5 эзар долларх йогIу машен лаха араволу, ткъа цхьана министаран гIоьнчано цу ахчанах шена хуьйцуш юха хеча оьцу. И санна масалш далош а сан дог лазадолу-кх. Нахехь а шайгахь доллу хьал, токхо ю моьтту хир ду-кх царна. Валлай ца моьтту моттане а. Шайн буьзина хьербевлла лела-кх. Цара кху Нохчийчоьнах еш ю-кх Африка. Кху чу стенна ца хьажадо и рицкъ? Соьга хаьттича, иза уьш бен дацарийн йийсарехь хилар ду, кхин хIумма а дац».

Цу кеппара чулацам болуш къамел дира соьга Соьлжа-гIаларчу цхьана стага.

«Сина а, кхетамна а Iаткъам беш дерг дита а дитий, ас цхьа забаре хIума дийца хьуна?» - элира цо кхин дIа. «МаьIна айхьа доккхур ду ахьа» - аьлла, цо хIара забар ялийра, къамел дерзош.

Махкахь шуьйра вевзаш волу Iедалан белхахо-политик, хестамаш барехь говзанча. Цуьнга хаьттина:

- Хьенех, каркадил тIома яла тарлой?
- И бохург хIун ду? - цецваьлла хьенех. - И муха йолу тIома, хьо хьерваьлла-м вац?
- Дера хаац суна-м, - аьлла хаттар динчо, минеха баха-м бохура и тIома йолу.
- ХIа-а цо бахахь… ТIома а яьлла, дIайоьду ала-м ца хаьа суна. Иштта жимма лаьттара айъа-м ло иза.

Гайта комментареш

XS
SM
MD
LG