ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Валлалц чувоьллинчу Ичкерин агIончера Конституци а, дошам а схьайаьккхина – Нохчийчура кхело компенсаци хIоттийна цунна


Гайтаман сурт
Гайтаман сурт

Валлалц набахтехь хан йаккха таIзар динчу Ичкерин агIончана Дандаев Iаьрбина компенсаци хIоттийна Нохчийчуьра Лакхарчу кхело, колонихь цуьнгара Оьрсийчоьнан Конституцин экземпляр а, нохчийн-оьрсийн дошам а схьайаккхарна. Шена 500 эзар сом далар тIедожийнера Дандаевс, кхело 10 эзар сом бен ца хIоттийна.

ГIуллакхан материалашца а догIуш, Конституци а, дошам а тутмакхна дас йаийтина хиллера, уьш схьайаьхнера цензоро экстремизм цаьрца йуй хьажа, цул тIаьхьа Дандаевга йухайелла а ца хиллера. Цул совнах лаьцначо латкъам бинера, мархин баттахь буса итт сахьт даьлча Iуьйранна йалх даллалц шен камери чуьра ток дIайоккхура, иштта камери чохь ламаз эца довха хи а ца хуьлура аьлла.

Номер 6 йолчу Хабаровкера колонин администрацино лелориг харцо йу аьлла, лерира Нохчийчуьра кхелаша. И сацам апелляцихь къовса гIоьртира колонин векалш, амма царна дуьхьало йира.

  • Талламхойн хаамашца, Дандаев Iаьрбис дакъалаьцна Басаевн а, Хаттабан а гIаттамхошца 1999-чу шарахь Дагестанна динчу тIелатараехь эмиран Карпинский Iумаран тобанца. Иштта иза бехке лору Тухчар эвлахь лакхара лейтенан Ташкин Василий а, кхин а кхо салти а верна. БархI шарахь талламах ведда лелла Дандаев, 2008-чу шеран охан-баттахь ша тIевеънера иза, мукIарло деш. Кхелехь тIемало хиллачо шен дешнаш йухаийцира, дIахьедира тIехь ницкъбинера шена аьлла. Цуьнан бехк бу аьлла тоьшаллина гойту стаг вуьйш дIайазйина видео, цу тIехь Iаьрби олий цIе йоккху чалтачан, амма цул тIаьхьа итт шо даларна иза Дандаев ву олийла дац.
  • Хьалхо Дандаевн аьтто ца белира, ХIинжа-ГIаларчу СИЗО-н ша цхьаъ йеххачу заманчохь камери чохь латтийна, шена динчу зуламах 300 эзар сом компенсаци йаккха. Низамца а догIуш, лецначарах шайна тоьхна хан низаман ницкъе йирзича, уьш къаьстина латтабо биссинчу чубоьхкинчу нахах а, бехкебечарах а. Дагестанан Лаккхарчу кхело валлалц чохь яккха хан туьйхира Дандаевна 2009-чу шеран зазадоккху-баттахь, амма сацам болх бан болабелира марсхьокху-баттахь. Оцу йерриг хеначохь тIемло ша цхьаъ чохь латторан камерехь валлийра.
  • Оьрсийчоьнан набахтешкахь бусалба нах Iитталучу халонех дийцира хьалхо Кавказ.Реалии сайто.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG