Францехь бехкево нохчо, ГIалгIайчохь лецарш, хьошалгIахь Хьабиб.
Дуьненаюкъарчу миграцин юкъаралло (IOM) а, Австрерчу нохчийн жигархоша дIаяьхьира нохчийн кегийрхошца ша-башха проект. 15-18 шераш долчу кегийрхоша цу проектехь дийцира шайн Iер-дахарх а, Австрерчу юкъараллаца шайн йолчу уьйрех а, Нохчийчоьнна шайн сагатдаларх а лаьцна а.
Оьрсийчоьнан вице-премьер хIотто мегаш ву Кадыров Рамзан, Джалалдинов хьийзийна бохург таллуш ду, керла хIусамаш луш ю Кадыровс
Нохчийн меттан видеодарсийн рогIера тема ю "Цердешан терахьаш". Маршо Радионо берашна а, мотт шарбан луучу гIеметтахIиттинчу нахана а лерина кечъечу материалан дакъа ду хIара.
ТIекхаьчна школашна рогIера "ТIаьххьарчу Горгалин" денош. Бераллера волуш ву Нохчийчохь лаххара а ворхI эзар жимха. Хьехархоша кегийнах дахаре дIахьовсучу барамех цхьаъ гойла хилира Маршо Радион - Теркйистан коьртачу шахьарарчу ЧIуьлга-Юьртан №1 школехь хилира цуьнан корреспондент.
Нохчийчоь "Газпромана" декхарелахь ю 16 гергга миллиард сом, Тухуговна а, Нурмагомедовна а дина таIзар малдина Невадерчу атлетикан комиссино, Кадыровн Германерчу векало варе бина нохчий, уьш цIахьовсор хиларх.
Тахана а жигара политикан дахарехь ю Умалатова – "Партия мира и единства" цIе йолчу партин куьйгалхочун статусехь йолчу цо дакъалоцу Путин Владимирехьа хIитточу митингашкахь, "керста дин бехдечийн меттанаш хедор" хьоьху цо.
Хоси-юрт яц Ахмат-юрт ю, Батукаевна гIо дарна-набахте, Кадыровс баркалла аьлла.
Луьстур вай, Кадыров Рамзанан Iалашонаш муха кхочушйо а, муьлхачу кепашца къийсам латтийра меттигерчу Iедалша "нохчийн къоман мостагIашца" а.
Соьлж-ГIалара араваьлла, БухIан-Юьрта воьдуш, некъ Алда чубоьрзучу меттехь ю газан шура юхку гIопаста. Рекламо бахарехь, нехча а ю юхкуш. …Амма вац тIехIоьттина гуш кхачан да – генна цхьаьнхьа телефон тоьхча бен карор волучух тера а дац иза – "тешаман туька" ю хIоттийнарг.
Нохчийн парламентан спикеран Даудов Мохьмадан лаамна тIе а тайна, Хоси-Юьртара бахархой догреза хилла, шайн эвлан цIе хийца. ХIинццалц юьрта чувуллучохь даккхийчу элпашца яздина Хоси-Юрт хиллехь а, хIинца дуьйна Ахмат-Юрт ю. (Маршо Радион хьовсархоша яийтина видео)
Францино нохчо дIавелла, 23 гIалгIа ву лаьцна, орфографин дошам кхуллуш ю.
Хьажа кхин дIа а