ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Амриев: "Баркала суна са мел гатдиначунна..."


Амриев Мурад пресс-конференцехь
Амриев Мурад пресс-конференцехь

Амриев Мурадца пресс конфереци дIаяхьира шоьтадийнахь Соьлж-ГIалахь. Бакъонашларъярхо Саратова Хеда коьртехь йолчу "Объектив" хаамийн агенталлан офисехь хилира журналисташца цхьанакхетар.

Шен йишица вара оцу цхьанакхетарехь Мура.

Къамел долош дуьххьара дош элира Саратова Хедас.

Саратова: "Мурадах саготта хиллачарна хаийта а, совнах къамелаш ца даржийта а аьлла, хилларг довзуьйтуш вовшахтохар Мурадан а, цуьнан гергарчеран а лаамца ду. ХIинцале ала лаьа суна: я тхо а, я Мурад а цхьа а къинтIера ваккха гIерташ дац. КъинтIера баха Мурадера даьлла "хIара ду" аьлла хIума а дац".

Амриев Мурад ша вистхуьлуш даггара баркалла элира шен тидам а, терго йиначарна.

Амриев: "Суна дуьххьара баркалла ала лаьа, суна сагаттадийнчарна а, суна гIо динчарна а. Со Белоруссера кхуза кхачарх аьлча, суна юридикин кехаташ гайтина дац цхьамма а. Со гIаролхошца УАЗ машен чохь юкъахь долчу дозанна тIе а ваьккхина, дIавелира меттигераччу операшка. Цигара иштта кхуза схьакхечира. Цхьа де-буьйсий делира новкъахь".

Белоруссера милицин карахь волуш кхайкхам бора Мурада, къевлинчу корехула бакъонашларъярхошка, шен терго еш яц аьлла. Иза дагадаийтича, цо иштта элира.

Амриев: "Иза доьзна дара, ас сайн бакъонашца ма доггIу адвокат а, оцу пачхьалкхехь тховкIело ехарца. Суна тIе цхьа а ца кхечира, суна жоп а ца делира. Цул тIаьхьа со дIавелира".

Хууш ма хиллара, Амриев Мурад бехке веш ву Оьрсийчоьнан талламан 327 артикалца 3-чу декъаца, харц тоьшаллийн кехаташ лелийна аьлла. Ткъа, дуьйцуш ду коьрта бахьана кхи хилар.

Цуьнан воккхах волу ваша бехке веш ву нохчийн цхьана полисхочунна тIелатар дина аьлла. Цунах лаьцна дийца Амриев Мурад кийча вацара.

Амриев: Цигахь кхи ситуаци ю. Суна цуьнах хIинца дийца ца лаьа. 100 процент хIаъ, я хIан-хIаъ ала сан йиш яц. Со кхуза нахана "Дела реза хуьлда" ала веъна ву, суна сагаттадарна. Кхечу хеттаршна со жоп дала кийча вац. Со боккъала а 4 дийнахь садаьIна вац".

ХIинца Амриев Мурад шен цIахь ву, деца-ненаца, йиша-вешица. Ала догIу, ши де хьалха цуьнан дас-нанас дIахьедар дира, иза цIа ма валавахьара аьлла. ХIунда аьлча, шен махкахь цунна кхераме лорура.

Ша чIогIа паргIат а ву, шена тIехь цхьанна а тайпа ницкъ бина а бац, аьлла кхин дIа а дийцира Амриев Мурада.

Амриев: "Бакъдерг эра ду, со каравеанчу дийнахь дуьйна хIокху хене кхаччалц суна цхьана а стага пIелг Iоьттина а бац, я вон дош а ца аьлла. Ша дерриг низамо ма бохху дара".

Кханенна хIун ойланаш, Iалашонаш ю хьан, аьлла деллачу хаттарна иштта жоп делириа Амриев Мурада.

Амриев: "Дуьххьара сан дан дезарг хIара гIуллакх дIадерзор ТIаккха ойла ян еза, кхин дIа хIун дийр ду. Къастиqна спортех аьлча, тхо кхиъна дац цуьнах хIинца а къамел дан. Селхана Алаудинов ша волчу хьошалгIа кхайкхинера со.

Суна иза хьалха вевзаш вацара. ЧIогIа оьзда, даггара, вовшех кхеташ къамел хилира цуьнца. Дуьххьара и гIуллакх дIа а дерзийна, тIаккха кхочуш дийр ду важа а".

Амриев Мурадан воккхах волчу вашас Европехь вехачу Зураба дIахьедар дина, шена нохчйн полисхоша буьллучу бехкана жоп луш. Ша 2007-чу шарахь дуьйна цIера ваьлла лелаш ву. Цхьана а тайпана тIелатар а, кIело а йойла дац вуьйцучу полисхочунна, цундела, нагахь санна шега хаттар делахь, цхьана юккъерачу дозанехь цхьанакхета кийча ву ша аьлла.

Ткъа, ша цIавар цо тIе ца дуьту, шена кхерамазалла хир яц бохуш.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG