ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Элдиева Марет. Нана ю йоьлхуш


ЭЛДИЕВА Марет

Нана ю йоьлхуш

Цкъа а ца хиллачу кепара тийна дара маршрутки чохь. Суна уллехь хиъна йоккха стаг яра. ХIокху чохь а йоцуш санна, ойла-не а яьлла Iара и. "Первый линехь сацаелахь", "Второй линехь сацаелахь", – олуш хезара кест-кестта.

Сарахь балхара а, база-рара а цIа боьлху зударий охьабиссош, цIе яьллачу орцах йоьдуш санна, сиха йогIура маршрутка.

Арахь Iаржъеллера. Сайна юххехь хиъна Iачу зудчуьн тидам беш, со а Iара. Ма генахь яра иза хIокху дуьненна! Йовлакхана чухула хаало ал чухта басаяьлла хеталора. ТIеюьйхина бедар а мелла а тиша хаалора. БIаьргаш чохь гуш, лазам боцург, хIума дацара. Ша-шеца, шен лазамца яра иза.

"Цхьаъ дагадеана хир ду", – аьлла, хийтира суна. Iийна-а дагадеара, суо а сих-сиха ойлане йолий, наггахь сайн социйлина тIехйолуш хилар.Тидамера ца йолура суна йоккха стаг.

Цуьнан вастехь, хьажарехь, духарехь цхьаъ дара сан ойла ца хоьцуш, цунна уллехь сецош. "Шортта берийн бераш хир ду", – аьлла, дагатесира суна. Сайгахь сайчара латториг хууш. Чохь латийна стогар хиларна, корах арахьаьжча, гуш хIумма а дацара. Делахь а, йоккхачу стага кора тIера бIаьрг ца боккхура, шена бен гуш доцург леррина тергалдеш. ЦIеххьана, набархаяьлча санна гонаха хьаьжна, йоккха стаг юьйхира, цуьнан багара делира: "КIант, кхузахь сацаехьа!", – аьлла. Нийсса социйле нисъеллера маршрутка оцу хенахь. Маршрутка сецира, йоккха стаг неIаре дIатасаелира. Схьайиллинчу неIарх ара а хьаьжна, бехкала а яхна, йистхилира: "ДIагIо хьайна, дIакхаьчна а ца хилла!" - аьлла. Цул тIаьхьа хилларг инзаре дара. Шоферан оьгIазе аз даьржира чохь: "Шайн остановка лар ца еш, хьерайевлла хIуманаш санна, хатI доцчохь ги лелха-кх шу! Шу ма акха ду! Сацае, ма сацае! ХIун ю ахь юьйцург?!"

Чохь беккъа зударий бара. Цо дечу къамело массо а Iадийнера. Цхьамма шега: "Хьо хIун дуьйцуш ву йоккхачу стаге?" – аьлча, иза-м дукха сиха дIасацийра: "И къамел хьайн майрачуьнца дийр ду ахь!", – аьлла. "Охьайосса! Ас кхин сацор яц хьуна!". Цо дечу къамелана дуьхьал цхьа дош ца олуш, йоккха стаг меллаша охьайоьссира. "Собарделахь", – аьлла, со а чуйоьссира. Iен ца елла, неIарехь йистхилира: "КIант, чIогIа оьзда йоцуш пхьегIа хилла хьо. Хьуна халахетахь а, шен хьашт долчу зударшца наха дийцича, шена ца товдолу къамел нехан зударшка дича, осалалла ю хьуна.

Дала мукъалахь, хьоьца кхин дIаса ца яха хьожур ю со". "Ма гIохьа! Шун хьанна оьшу? Шу муьлш ду?"

Сайна тIаьхьа цо хьоькху мохь ца хазийта, мелла а сиха дIайолаелира со. Жимма дехьа а яьлла, шен тIоьрмиг тIе охьахиъна хиллера маршрутки чуьра охьайоссийна йоккха стаг. Со цунна тIе яхара. Иза хIумма а гуш яцара. Цуьнан юьхь тIехула хаддаза охьауьдура бIаьрхиш. Даккхий синош дохуш, къурдаш дора цо.

Цхьана мIаьргонехь суна хийтира, дуьненахь мел болчу нанойн лазам кхуьнан вастехь вовшахкхетча санна. Горгъелла, хебна, дуьненах, дахарх, ша доллучу хIуманах къаьхкича санна, дуьненна а дегабаамбича санна, агIор а йирзина Iара иза. ХIокху суьйренан тIеIаткъамаша холчухIоттийна со кхин а холчухIоьттира. Лерса эккхийтал чIогIа дуьнене, мохь ала лиира: "Нана ю йоьлхуш, орцадала!" – аьлла.

Дагадеара шоферо сайга: "Шу хьанна оьшу? Шу муьлш ду?" – бахар. Цуьнан тхойшиннах цавашар.

ХIокху замано векал а вина, тхойша аьшнаш яр тIедожийча санна, шен Iиттарша цалазорна кхоьруш санна цуьнан тIеверзар. Ша нанас вина воцуш, тIурненера хьаша волуш санна, цуьнгахь ца хилла гIиллакх, лаьтто шен букъ тIехь и муха лов-те аьлла дагатассал цуьнан осала хилар. "Ванах, нохчо варий-техьа иза?" – аьлла, коьрте еана ойла, жоп а доцуш, дIаяйра.

Тхайн нана дагаеара. Елхаран мохь легашкахь, шад а хилла, тасабелира. Дагахь Деле кхайкхира, кхуьнан дог хьаста сайна гIодар доьхуш. Йоккха стаг марайоьллира. Вовшашка цхьа дош ца олуш, тхойшиъ ехха йилхира. Елхарх мелла а шен дог Iебича, юх-юха а цецъюьйлуш, хетта юьйлира: "Хезирий хьуна цо соьга дина осала къамел? Нана яла сан кIентийн! Ма сиха къастор дара цара цуьнца дерг, схьабелахьара".

ТIаккха суна сагатдан елира: "Со бахьанехь охьайоьсси-кх хьо, ма некъахьовзам баьккхи ас хьуна". "Ца баьккхи, нана", – элира ас, суо а айса аьллачух цецйолуш. Иза а цецъелира. Цхьана юкъана тийналла хIоьттира.

"ГIо хьо. Со а меллаша дIагIур ю", – элира цо эххар а. "Цхьана гIур ю вайша",– жоп делира ас, халла хезаш. ТIаккха, цхьаьна цIехьа йолаелира.

Тхойшиннан гIеххьа некъ бан дезара, цуьнан цIа кхача. Сан-м кхин а дIа

яха дезара. ГIийлачу озаца Ахийрата (иза хиллера цуьнан цIе) шен лазамаш буьйцуш, цуьнан тIоьрмиг а схьаэцна (и гIеххьа беза хиллера) некъ бира охашимма. Ахийрата дийцира шен ши кIант тIепаза вайна хилар а, уггар жиманиг Нохчийчохь тIом болуш, яккхий тоьпаш еттачу хенахь вийна хилар а, цхьана кIентан бен тIаьхье цахилар а, и доьзалш дозанал арахь бехаш хилар а, Юьртара ков-керт деса латта дисна хилар а. Десачу дуьненахь тIекхача тайпана, гергара стаг а воцуш, чолхечу дахарехь шен лаам болчо, тховса цу шоферо санна, човхош, дог дохош, ехачух тера дара Ахийрат. "Жимма могуш йоцуш хилла со. ХIуманна йицло, ойлане яьлча",- бохуш, бехказаюьйлура иза. "Далла йицъелла, нахана совъяьлла, дIатекха-кх". Цуьнан аз дегадора. "КIентан кIантанна цIе тиллина ас, ша муьлхачу некъенах ву хаийта, АртагIа аьлла",- бохуш, юкъ-юккъехула шен дог лозург а дуьйцура цо: "Мацца а цкъа цIа ван ма тарло. Ков-керт а, юьртдега гIо а дойтуш, цунна дуьтуш кехаташ кечдина".

Цуьнан аз тIаьхь-тIаьхьа сихлора, цхьамма къамел хадорна кхоьруш санна. " Сайн вийначу кIентан а, берийн ден а, сайн марненан а, марден а кошан баьрзнаш а тодина, гIелъелла йогIуш яра со. Ойлане яьлла хилла-кх... корта дика а ма бац, да велла бисарг… чIогIа оьзда нах бара сан марзхой… дукха хан юкъа ца юлуш, тIаьхьий, хьалхий белла дIабоьвли-кх…хIара дуьне даа со а йитина". Соьга схьайирзира: «Хьоьга хIумма а хоттуш яц… хьан даг чохь а хир ма бу шортта бала… нана юй хьан"? "Яц. Кхелхина". «Елла ма яла хьо, пекъар. И-ии-й маржа дуьне яI, ма дош дац-кх хьо!" Тхойша иза ехачу кхечира. "Со схьакхечи. Дела резахуьлийла хьуна! Хьо чуягIахь, вайшимма чай-м мер ду цхьаний". Цуьнан Iодика а йина со цIехьа йолаелира. Ойланаш а еш, дIайолаеллачу суна тIаьхьакхайкхира Ахийрат:

"Хезий хьуна, хьайн цIе йийцахьа… сох цхьаммо а нана аланза масийтта шо дара… хьо мичахь Iаш ю хуур ду суна… йогIур ю со".

Со дIаяхара. Буьйса еха яра. Сан шортта хан яра, лаахь – елха а, лаахь - "Нана ю йоьлхуш", – бохуш, ойла ян а, я нана дахарх тешо дуьне орцахдаккха. Орца-м, бакъдерг дийцича, цу шопарна а, цунах тера болчарна а дала дезара.

XS
SM
MD
LG