ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Черкасов: "Титиевн гIуллакх Нохчийчохь таллахь, даха дог а дац"


Титиев Аюбан гIуллакх нохчийн полисхошкара кхечу регионе талламбан хьажор доьхуш, кхайкхам бина Оьрсийчоьнан бакъонашларъярхоша а, политикаша а, юкъаралхоша а.

Иза цара хьажийна Оьрсийчоьнан инарла прокуроре а, чоьхьарчу гIуллакхийн министре а, талламан комитетан куьйгалхочуьнга а. Оцу спискан юкъахь 49 стаг ву. Царах 9 стаг Оьрсийчоьнан бакъонашларъярхойн кхеташонан декъашхой бу, 40 стаг пачхьалкхехь бевза журналисташ а, политикаш а, юкъаралхой а.

Царна юкъахь иллиалархо Макаревич Андрей а, журналист Познер Владимир а, актриса Ахеджакова Лия а.

Оцу дIахьедарехь цара билгалдоккху Титиев Аюбан гIуллакхехь низамаш дохош дуккха а хIуманаш хилар, иза кхечу регионехь талла дIа ца лахь, харцо тулург хиларна.

Оцу кхайкхаман кIелахь куьйг язйинчарах ву "Мемориалан" куьйгалхо Черкасов Александр. Шен белхан накъост волчу Титиевн тIехь яллош ерг харцо хиларна шеко яц цуьнан, нагахь санна иза иштта дац аьлла хетахь, и гIуллакх кхечу талламхошка дIаделча дика хира ду, элира цо Маршо Радиога цуьнах вистхуьлуш: "Iедалан ирхо цхьанхьа ялахь, иза Нохчийчохь ю. Цхьа а шеко яц Нохчийчуьра чоьххьарчу гIуллакхийн структурашна Iедалшна шайгара хIун оьшу.

Чохьарчу гIулалкхийн министралийн а, Росгвардин а куьйгаллица шен хиллачу цхьанакхетарехь Кадыров Рамзана тIаьххьара, шеко йоцу дош элира Титиевн гIуллакхах а, цунна тIебуьллучу бехках а.

Тамаш бу цул тIаьхьа нийсонца таллам цуьнан хьокъехь барх. Иштта бечу талламе хаьжча, нийсо хиларе сатийса оьшуш дац. Амма аьтто бу и гIуллакх МВД-н коьрта аппарате, я федералан гонан тIегIане дIалахь".

Ткъа, кхечу регионера талламхошка Титиевн гIуллакх дIаделча, цигахь иза кхачам болуш толлур ду аьлла, билгала жоп дац "Мемориалан" куьйгалхочун Черкасов Александран. Иза дичий бен хуур дац аьлла хета цунна.

XS
SM
MD
LG