ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Идлиб дIалацар долийна дарбанан цӀенош дохорна тIера


ХIассехь (Hass) дохийна дарбанан цIа, Идлиб, Шема.
ХIассехь (Hass) дохийна дарбанан цIа, Идлиб, Шема.

ДIадаханчу мукъачу деношкахь, Гезгмашин-беттан 8-чу а, 9-чу а деношкахь, Шеман Iедалан тIеман ницкъаша масийтта тохар дира Асад Башаран режимна дуьхьал лаьттачу тIемалойн тобанийн тIаьххьара чIагIо йолчу Идлиб провинцехь. Бомбанаш тоьхначу гIишлошна юкъахь дара дарбанан цIа а, "КIайн касканаш" олу тIеман бохамех маьрша бахархой ларбон центр а.

Маьрша бахархойн хIусамашна а, юкъараллин гIишлошна а бомбанаш а тухуш долийра Асада тIеман тIелатар оппозино шен карахь латтош хиллачу кхечу меттигашна а, ша аьлча Алеппона. Цигахь бомбанашна кIеллахь а, лоьрийн гIо цахиларна а кхелхира иттаннаш адамаш.

Bellingcat олучу дуьненаюкъарчу талламан тобано анализ йина, ХIассехь долчу дарбанан цIенна бомбанаш еттарх лаьцна, маьршша тIекхача аьтто болчу хаамашна, и тIелатар хилла я ца хилла бохург къасто.

Bellingcat-о бакъо а елла, цу материалан юкъара хаамаш балийна Маршо Радион Оьрсийн сервисо.

Шеман Iедалан ницкъаша Алеппохь тIеман операци дIяхьале Iедалшка дуккхазза а дехарш дира дуьненаюкъарчу адамийн бакъонаш ларйон а, лоьрийн а вовшахтохараллаша. Амма цо цхьа а жамI ца деара. Асад Башара дуьхьалончаш эшийра цу гIалахь. Амма иза хилале хьалха Алеппохь адамашна даха хьелаш ца дитинера - Шеман тIеман кеманаша бомбанаш а йиттина, йохийнера цу гIалара ерриг а 10 дарбанан хIусам.

Дуккха а дийцира и тохарш динарш Оьрсийчоьнан авиаци ю бохуш, амма Оьрсийчоьно а, Шеман Iедалан ницкъаша а гIаттамхошца тIом беш лелош ерг цхьатерра тIеман техника хилар бахьана долуш, маьрша бахархой бехачу кIошташка бомбанаш йиттинарш Оьрсийчоьнан тIеман кеманаш хилар документашца тIечIагIда хала дара.

Идлибехь, коьртачу версица, тIеман операцин карарчу хенахь тохарш дийраш ду маьрша бахархойн гIишлошна тIе черманан бомбанаш кхуьссуш долу Шеман тIеман беркеманаш.

Цуьнца цхьаьна "Франс-пресс" агенталло хаам бо, цу провинцехь бомбанаш етташ дакъалоцуш Оьрсийчоьнан тIеман кеманаш хиларх лаьцна, кхубеттан 8-чохь дина авиатIелатар кху тIаьхьарчу баттахь уггаре къиза бомбанаш тохар хилар билгал а доккхуш.

ХIассехь яьхначу видеошна тIехь гуш ду дарбан цIенна бомбанаш йиттина хилар. Цигахь цхьа а лар яц цу хIусамах тIемалоша пайда оьцуш хилла хилар гойтуш.

Hala Systems сайто дийцарехь, ХIассехь бомбанаш тохале 40 минот хьалха Асадан ницкъийн карахь йолчу ХIамерчу аэродромера гIаьттинера масийтта Ми-8 тIеман беркема.

Цу тайппа кеманаш дара ХIассана тIехула лелаш дарбан цIенна бомбанаш тухучу хенахь.

Hala Systems сайто цига шозза бомбанаш туьйхира 10 минот хан юкъа а йолуьйтуш. Ми-8 беркеманех хьалха а пайда эцара Шеман авиацино оппозицино Iуналла дечу кIошташка черманан бомбанаш тухуш.

Ми-8 а, бомбан эккхар а цхьанаметта тIехь долу видео интернетехь яц. Амма черманан бомба кхуссуш беркема гина ХIассана 20 чакхарма гергахь йолчу Эль-Латамна гIалахь.

Шемарчу Orient News агенталло яьккхинчу видео тIехь гуш ду черманан бомба дарбанан хIусамна тIекхеташ. Хезаш ю тIеман кеманан гIовгIа.

Беркеманаша бомбанаш еттарх лаьцна дуьйцу тешаша а. Кхузахь ду цу кепара дийцар, ингалс маттахь гочдар а долуш.

Кху сурта тIехь дика гуш ю ХIассерчу дарбанан цIенна хьажийна беркемантIера чукхоьссина черманан бомба.
Кху сурта тIехь дика гуш ю ХIассерчу дарбанан цIенна хьажийна беркемантIера чукхоьссина черманан бомба.

​Вай хьехочу шина дийнахь Оьрсийчоьнан а, Асадан а ницкъаша 3 дарбанцIа а, бахархой дIалечкъа ши центр а йохийна аьлла, хаам бина Iамеркан лоьрийн гIо а, накъосталла а дечу вовшахтохараллийн цхьаьнакхетараллан (UOSSM) белхахоша.

UOSSM дийцарехь, цу тохаршкахь черманан йоцурш, лелийна дуьненаюкъарчу конвенцешца йихкина йолу кассетан бомбанаш а.

"Франс-пресс" агенталло далочу терахьашца цу тохаршкахь вийна лаххара а 4 маьрша вахархо, царах 2 бер ду.

Хьалхо Оьрсийчоьно харц дира шаьш Шемарчу маьрша объекташна тохарш дина хилар, иза дарна оппозици бехке а еш.

Цхьаболчу хаамашца, Идлибехь йолчу гIаттамхойн тобанашна юкъахь бу нохчийн къомах болу тIемалой.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG