ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

ГIалгIайчоьнан бусалбанийн гуламан декъашхой дуьхьал бу Евкуровна


ГIалгIайчуьра муфтий Хамхоев Iийса (юккъера).

please wait

No media source currently available

0:00 0:03:35 0:00
Линкана тIе

Кху беттан 1-чу дийнахь Несаран кIоштарчу Гамурзиево эвлахь хилира ГIалгIайчуьрчу бусалбанийн 6-гIа гулам. Шаьш хьалхалера гулам хиллачул тIаьхьа бина болх буьйцуш цигахь къамел дира республикан муфтийс Хамхоев Iийсас.

Гулбеллачаьрга кховдийра цо бусулбан юкъараллан вовшахтохаллан уставна тIехь цхьацца хийцамаш бар, республикан администрацин шайна реза йоцуш хила бахьана ца хилийта. И кхачамбацарш дIадаха муфтиятна хан еллера 2019-чу шеран Дечкен-бутт юккъебаллалц аьлла.

Гуламехь къамелаш дира гIалийн а, яртийн а имамаш а, шарIан суьдан къедас а, кхин болчу муфтиятан белхахоша а. Цара, динца доьзна хаттарш дийцина ца Iаш, хьехийра Нохчийчоьнца долчу дозанах лаьцна хаттар а.

И бахьана долуш, цхьа а цецволуш а воцуш, гуламо кхаж тесира Нохчийчоьнца доза хьокъехь бинчу бартана дуьхьал. Политикаца боьзна и сацам тIеэцарца муфият юкъаяхара тахана ГIалгIайчоьнан Iедалшна дуьхьал йолчу вовшахтохараллашна.

ГIалгIайчоьнан муфтият 2015-чу шарахь дуьйна ю и институт дIасахеца гIоьртинчу республикан куьйгалхочуьнца Евкуров Юнус-Бекаца дов латтош. ​2018-чу шеран Стигалкъекъа-беттан 27-чохь муфтийс Хамхоевс дIакхайкхийра республикан куьйгалхо бусулба уммина юкъаравоккху ша аьлла.

Амма кхин а 3 де даьлча Евкуровс арахийцира, гонаха хевшина республикера бевзаш болу диндай а болуш, ша хIумакхоллуш яьккхина видео. Иза тоьшалла дара Евкуровс хьовха, ерриг а бусулбан юкъаралло муфтийс бина сацам лоруш ца хиларан. Цу хиламо гайтира муфтийн дош лелар дукха ледар хилар республикерчу юкъараллехь.

Евкуровна дуьхьалваьлла Хамхоев гIортор каро гIоьртира Нохчийчуьрча куьйгалхочуьнгара Кадыров Рамзанера. Амма дозанах лаьцна хаттар юкъадаьлча муфтий кхийтира шен бисина агIончех ша вала мегаш хиларх. Цундела цо агIо лецира Магасехь митинге арабевллачеран.

Цу гIулчо гIалгIайн муфтий эгIийра Нохчийчоьнан куьйгалхошца. Иза гойтуш дара Нохчийчуьра парламентан спикер Даудов Мохьмад Хамхоевца къамел дан вахар, ткъа муфтий цуьнца цхьана ца кхета къайлаваьлла хилар. ТIаьхьо Хамхоевс зорбанан гIирсашкахула бехк баьккхира Даудовга шен хIусаме кхайкхаза визит ярна.

Гуламехь дийцаре дира Магасехь республикан коьрта маьждиг дарца доьзна хаттар. Хууш ма хиллара, цу хьокъехь сацам тIеэцнера 2011-чу шарахь. Цуьнца а догIуш, ГIалгIайчоьнан коьртачу гIалахь дан дезаш дара 8 эзар стаг чутарлон маьждиг. Цу Iалашонца муфтиятна дала дезаш дара 20 гектар латта. Амма 2015-чу шарахь и проект кхочуш яр шайн куьйгакIелла ийцира Iедалша, муфтият дIа а теттина.

2016-чу шарахь муфтийс хаам бира, маьждиг дан наха гулдина ахча дайна хиларх лаьцна. 2018-чу шарахь Экономикан кхерамазаллехула йолчу урхаллан белхахоша таллам болийра маьждиган гулдина ахча лохуш. Иза хилира муфтиятан дехарца, бохуш вара Кавказ.Реалиица къамел деш, гIалгIайн муфтийн гIоьнча Хаштыров Мохьмад. Цо дийцарехь, талламхоша къасто дезаш ду ахча хьа делла, нагахь ца деллахь, хIунда ца делла, стенга дахана республикерчу бахархоша гулдина ахча.

Цу юкъана Москох арбитражан кхело юхатоьхна маьждиг деш 1,7 миллиард соьмана дина зе республикан Iедалшкара схьадаккхар доьхуш ГIалгIайчоьнан муфтиятан латкъам. Амма муфтиятан декъашхой юхабовла дагахь бац. Цара шаьш цу сацамна латкъам бийр бу боху лакхарчу инстанце.

Шуна хетарг

Гайта комментареш

Эзарнаш нохчий даймахка берза йиш йоцуш хиларна бехке ву ша Кадыров, я вац, муха хета шуна?

ХIара Iилманца нисбина кхаж бац. Жоьпаш деллачарна хетарг бен ца гойту кхо.

XS
SM
MD
LG