Социалана машанаш лелочара тидаме эцна Оьрсийчоьнан президенто Путин Владимира шегара дарж дIалур долчуьнах лаьцна аьлла дешнаш. Цу хьокъехь вуно дукха комментареш йитина цара «ВКонтакте» а, Twitter-хь а.
Путин хаийтира шегара дарж дIалур долу стаг билгалваккхарх лаьцна ша ойла еш хиларх лаьцна 2000-чу шарахь дуьйна. Амма, цо ша ма аллара, президент хоржуш ду халкъ. Оьрсийчуьрчу бахархоша, Путина аьлларг тидаме а эцна, социалан машанашкахь ялийна мехкан коьрте хIотта тарлучу политикийн цIерш, яздо URA.RU
Оьрсийчоьнан арахьарчу гIуллакхийн министр Лавров Сергей а, тIеман министр Шойгу Сергей а, Пачхьалкхан Думан гIантда Володин Вячеслав а, премьер-министр Медведев Дмитрий а хилла ца Iаш, царна юкхаь ву Нохчийчоьнан куьйгалхо Кадыров Рамзан а.
Цхьайолчу комментарийн авторшна ца лиъна Путинан тIаьхье харжа, цо кхин дIа а урхалла дан деза пачхьалкхана аьлла, билгадоккху URA.RU сайто.