ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Хьиджабаш а, мажош а йоцуш: Таджикистанехь динлелорца дозанаш детта


Иллюстративан сурт
Иллюстративан сурт

Бахархойн динан бакъонашна тIехь дозанаш детта Таджикистанан Iедалхоша аьлла, шайн рапортехь билгалдаьккхина Американ Цхьаьнатоьхначу Штатийн Пачхьалкхан департаменто арахецначу рапортехь. Кеп-кепарчу мехкашкахь динлелоран маршонех талламаш а бой, хIора шарахь шайн жамIаш довзуьйту цара бохуш, яздо "Настоящее Время" телеканало.

Документан авторшна хетарехь, 2016-чу шарера схьа дуьйна Таджикистан динан маршо хьоьшучу пачхьалкхех хIоттийначу Iаьржачу тептарехь ю. Зорбане даьккхинчу рапортехь Таджикистанна лерина ю 17 агIо: дуьйцу, оцу махкахь божаршна мажош, зударшна хьиджабаш лелор кхераме хиларх. Ткъа ламастан исламан духарш лелон и кхерам лаьтта бахархошна Iедалан векалшкара а, ницкъаллийн структурашкара а.

Блогеро Гулов Рустама дуьйцу, масех шо хьалха Худжандан милицин белхахоша шен маж бахьана долуш, ша сацаварх. Ницкъаллийн структурашкахь лелачу низамех пайда а эцна, милицин декъе дIавигина хиллера иза. Божаршна мажош лелор а, зударшна хьиджабаш а йихкина ю аьлла, дIахьедина, шегга маж дIаяша аьлла, тIедиллинера Гуловна. Иза дуьхьал ваьлча, бертаза шаьш ешира.

"Масийттазза органашка арз динер ас, иштта, латкъамбира чоьхьарчу кхерамзаллан декъе а, - дуьйцу блогеро. - Со бехкевеш, дерриг а суна тIе е теттина, дерзийтира цара".

Мажош а, хьиджабаш а лелон бакъо йихкина ца Iа Таджикистанан Iедалхой бохуш, чIагIдо Американ Цхьаьнатоьхначу Штатийн Пачхьалкхан департаментан векалша.

Рапортехь иштта цара дуьйцу, динан барамашкахь дакъалацар а дихкина хиларх зударшна а, берашна а. Динлелоран маршонех Таджикистанехь лелачу низамца, пачхьалкхан бахархошна магош дац исламан Iилма шайн лаамехь дозанал а арахьа Iамор. Цара къастош ду махкахь маса маьждиг хила деза бохург а.

Масала, 10 эзарна тIера 20 эзаре кхаччалц бахархой болчу кIоштахь магийна ду рузба дан а, дийнахь пхоьазза чохь ламаз дан тарлун маьждигаш а хIиттор.
Ткъа, 100-нна тIера эзаре кхаччалц нах бехачу кIошташкахь, дийнахь 5-зза дIахIоьттина ламаз ден "кегий маьждигаш" бен магош дац.

Таджикистанан Iедалхой реза бац, рапортехь шайн махкарчу ситуацех хадийначу механа.

Пачхьалкхерчу динан гIуллакхашкахула йолчу Комитетан пресс-секретаро Мукима Афшинис бахарехь, Iорадаьккхинчу документ тIехь махкарчу хьолах ма-дарра ца дуьйцу. Ткъа цу тIехь далийна тоьшаллаш бух болуш дац.

"Оха дукхазза дIахьедира, Таджикистанерчу динан маьршонах йозанаш дечу заманчохь, гIо дан тхо кийча ду аьлла. Тхан махкара говзанчаш а, бозуш боцу эксперташ а юкъа а ца озош, цхьана агIор оьзна, хIиттийна кехаташ ду уьш. Кхузахь долчух ма-ярра, объективе информаци цаьрга дIакхачон гуттар а кийча ду тхо", - бохуш, къар ца ло динан гIуллакхашкахула йолчу Комитетан векал.

Динлелорца адамийн бакъонаш шаьш хьоьшуш яц, урхалхоша экстремизмаца а, терроризмаца а, радикализацица а шаьш къийсам латтон масех шо а ду бохуш, чIагIонаш йо Таджикистанерчу Iедалхоша.

Бакъду, цара оцу латточу къийсамах бакъонашларъярхойн кест-кеста хеттарш кхоллало. Бахархойн духар а, хатI а бахьана долуш Iедал тIаьхьадаьлла лелахь а, иштта, шайн лаамехь динан Iилма Iамон а церан таро яцахь а, бахархошлахь кхуьур бац Iедалан политике цабезам? Оцу бахьанашца яьржар яц радикализаци а?

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG