ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Арахьарчу пачхьалкхийн къайлахчу сервисийн карах леш бу нохчийн блогерш аьлла Кадыровс. Ткъа хьалхо "сий дойу" нах байа беза бехира цо


Нохчийчоьнан куьйгалхо Кадыров Рамзан

Европехь бехаш хилла нохчийн блогерш Умаров Мамихан а, Алиев Iимран а арахьарчу къайлахчу сервисаша байина бу аьлла, хааме даьккхира Кадыровс шен телеграм-каналехь. Стохка Лахьан-баттахь Кадыровс кхайкхамаш бира интернетехь "сий дойу" нах "байъа, чубохка, кхерабе", "нагахь санна, массо а низамаш дохош делахь а" аьлла.

"Адамашна юкъара барт эгIош, эладитанаш дуьйцуш, нахана юкъа цимаш туьйсурш. Нагахь санна, и нах вай совца ца бой, байъина а, чубоьхкина а, кхерийна а, вайчух гIуллакх хир дац", - аьлла, дIакхайкхийра Кадыровс.

Шен телеграм-каналехь мехкан урхалхочо билгалдаккхарца, "псевдопатриотизман идейшна тIехь шайна са йоккху Венера Анзор а, Мансур Старый а, кхинболу блогерш а, Оьрсийчоьнна дуьхьал а, къаьсттина шена дуьхьал а болх бечу къайлахчу сервисийн карах хIаллкбина а бу, бийр болуш а бу.

Цо бахарехь, Iосманан Импери йохош пайдаэцна методаш ю хIинца лелораш а: "Бохкабеллачу багаекорхоша мехах бо и шайн болх, цул тIаьхьа хIаллакбо уьш, шаьш кхоьллина "бакъдерг" бахьанехь. Ткъа хилларг дестадо, тоьллачу адамаллин а, демократин а терзана тIе а дуьллий".

Кадыровс билгалдоккху, ша "цкъа дийцина а ца Iа, Малхбузено лелочу манипулицийн кепех", шена хаьара боху цо, "оцу тайнигийн дахар иштта кхачор дуйла".

"Бакъонашларъярхой цхьаннан дахарна "сагатдан" буьйла ма белли, хьем ца хуьлуш, цуьнан чакхе хуьлу", - боху Кадыровс.

"Ткъа байъинчех дерг аьлча…Шаьш лоьхучу кхаьчна уьш!", - аьлла, дерзийна шен йоза нохчийн куьйгалхочо.

Австрин Герасдорф гIалахь герз тоьхна вийра карарчу беттан 4-чохь блогер Умаров Мамихан, "Венера Анзор" аьлча, массарна а вевзаш волу. Политикан тховкIело ехнера цо хьалхо Австрига. Иза верца доьзна, шеконашца лаьцна пачхьалкхан полицино Нохчийчуьра ши вахархо: Ахтаев Сарали а, Магамадов Салман а.

Кадыров Рамзанна критика йора Умаровс, цо дIахьедора, Европехь бехачу нохчашна тIелетарш дарна а, уьш байарна а бехке Оьрсийчсоьнан къайлаха сервисаш ю олий.

Иштта, кху шеран Чиллан-баттахь вийна карийра Францерчу Лилль гIалахь кхин цхьа нохчийн блогер а – Алиев Iимран. "Мансур Старый" ник яра цо интернетехь лелош. Цуьнан дегIа тIехь 135 уьрсан чов карийнера аьлла, хаийтинера Лилль гIалин прокуратурано.

Меттигерчу прокуратуран шеконаш ю, иза верна шаьш цIе ца йоккху, Нохчийчохь веха Оьрсийчоьнан вахархо ву аьлла. 44 шо дара блогеран. Ютуб-канал а яра цо лелош, иштта Фейсбукехь йиллина аккаунт а хиллера Мансур Старый цIарца. Цо емалдора Нохчийчоьнан Iедал а, цуьнан урхаллехь волу Кадыров Рамзан а.

Чиллан-беттан 26-чохь Швецехь тIелетар дира нохчийн блогерна Абдурахманов Тумсона. Стохка Зазадокху-баттахь республикан праламентан спикеро Даудов Мохьмада чIир кхайкхийнера Абдурахмановна. Ткъа хIетахь Нохчийчоьнан куьйгалхочун зорбанан секретаро Каримов Iаьлвис дIахьедар дира "Интерфакс" агенталле, парламентан куьйгалхочо Даудов Мохьмада чIир ца кхайкхийна блогерна Абдурахманов Тумсона аьлла.

Цо чIагIдарехь, Даудовс аьллера "ша жоьпе озор ву Кадыров Ахьмад-Хьаьжех" эладитан хабарш дийцарна". Кхузахь гочдархочо хуъушехь харцхьа даьхна Даудов Мохьмада нохчийн маттахь аьлла дешнаш, боху Каримовс. Цо билгалдаккхарехь, нохчийн ламасташца а догIуш, чIир кхайкхош Iедал дац стаг вийча а бен.

Ткъа Мангал-баттахь Германин Федералан прокуратурано бехкаш дехкира шаьш шеконе эцначунна, Нохчийчохь тIемаш боьлхучу заманчохь тIеман буьйранча лаьттина Хангошвили Зеламха верца доьзна. Шеконе эцнарг а ву Оьрсийчоьнан вахархо. Германин Iедалхой тешна бу, Кремлан омраца иза араваьлла хиларх.

Комментареш

New Comments Available

Москвара даймахка балийначу кегийрхошкара бехкаш даьхна нохчийн Iедалхоша юха а. Шуна нийса хетий, оцу кепехь Iедалхоша нехан юьхь яхар?

ХIара Iилманца нисбина кхаж бац. Жоьпаш деллачарна хетарг бен ца гойту кхо.

XS
SM
MD
LG