ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Еврокадыровхой лахка беза. Садулаев Мансур - шпионех а, Нохчийчоьнан куьйгалхочун кийтарлонех а


Садулаев Мансур

Деношкахь шеца охьатохарх лата кхайкхина нохчийн бакъоларъярхочо, "Вайфонд" ассоциацин хьалханчас Садулаев Мансура шен махкахо, Австрехь веха спортхо-профессионал Тайсумов Майрбек. Ткъа ша иза лата къастор цо дузу спортхочун политикан хьежамашца – Кадыровгахьа хиларца, цуьнца даьхна суьрташ даржорца.

Садулаевс ша бахарехь, Iалашо цуьнан кхин а шуьйра ю: Нохчийчуьра бевдда, Малхбузехь тховкIело а ехна, баха хевшинчу нахах цхьана декъо лелош йолу шалхенаш Iораяхар. Шайлахь дечу къамелашкахь Кадыровн политика емал а еш, Нохчийчуьрчу хьаькамашна хьалха, иза ваз а веш, лела и дакъа – иза харцо ю, аьлла хета бакъоларъярхочунна.

Садулаев Мансура куьйгалла дечу юкъаралло, кадыровхоша хьийзочу наханна рицкъанца а, юридикан кхачо ярца а гIо до, агIолоцу Европан мехкаша Оьрсийчу юхахьовсо кхайкхочу махкахойн.

Кавказ.Реалиино къамел дира Садулаевца, хаьттира, стенна тIе ца эцна Тайсумовс шега кховдийна «дов», стенна кхоьру Европера нохчий шайна даймахкарчу Iедалх лаьцна хетарг ма-дирра довзийта, хIун кхерамаш лаьтта Кадыровн гонашна критика ечарна тIехь, муха Iалашбалур бара уьш.

- Тайсумов реза ца хилла хьоьца рингехь лата, кхидIа иза кхайкха лерина вуй хьо?

- Тайсумов Майрбеке лаахь а, ца лаахь а сайца лата бохийла дац сан, ша дуьхьал вуйла официалехь хаийтина дац цо цкъачунна. Интернетехула лелаш цхьа къамел ду, шена со мила ву а ца хаьа, ша ца лета, боху цо. Амма со тешна ву, цунна шера хаьа со мила ву. И спарринг, кхеташ ду, уггаре хьалха политикан акци хир яра, еккъа спорт хилла ца Iаш. ХIунда аьлча, Тайсумовс гIарадаьккхина хеставо Кадыров, баркаллаш боху цунна шена совгIаташ дарна, винчу денца декъалво. Цундела цунна хала дац, Кадыровн байракх а эцна, лата аравала.

Ткъа иза реза ца хилла, со эшча а, тоьлча а, цунна ма-хеттара аьлча, латарх ас саоьцур ю, суна реклама хир ю цунах. Я Кадыровс аьлла хила тарло, гIо ма де Садулаевна пиар ян. Эфирехь и латар гойтийла луур дац царна. Ткъа со-м Кадыровс цуьнга сайх лата аларе сатуьйсуш Iара. Ницкъ пхьаьрсашца я спортан зеделлачуьнца боцийла хаийта воллура со. Ницкъ бакъонца бен бац. Бакъо ю тоьлуш ерг. Иза гайта воллура со.

- Ткъа иза реза хиллехь? ЮьхьIаьржо когаш кIел ма ю.

- Со спортехь волу а яц кIезиг хан. Низамашца доцчу летаршка-м ца лелла со. Суна иза ца магийна сан гIиллакхо а, Iадато а, дино а. Верзина а вуьйлуш, массарна хьалха хIитта ца магийна ас сайна. Киокушинкай каратэ леташ ву со. Австрин юкъарчу чемпионаташкахь 2013-чу а, 2014-чу а шерашкахь хьалхара меттигаш а баьхна. Латар суна а дац керла хIума, хаьа эша тарлуш дуйла а.

- Кхин буй Европехь хьуна бевзаш Кадыровгахьа болу спортсменаш?

- Тайсумов – Европехь бехачу нохчех уггаре вевзаш верг ву. Кхин цхьаъ а ву - Чимаев Хьамзат. Самукъне истори ю цуьнца. Швецехь веха иза. Цхьаццаболчу кадыровхошца даьхна суьрташ детта цо машанашка, масала, Патриотца (ишта олу Нохчийчоьнан вице-премьерах Висмурадов Абузайдах – ред.), иза во цунна Европехь а, Америкехь а тоьхначу санкцеша наханна тIехь Iазап латторна а, байъарна а бехке. Цуьнца даьхна суьрташ даржадо Чимаевс.

Иштта гойту цо ша кадыровхо хилар, лечкъа а ца до иза. Амма суна хаьа, хьалха, Шемахь чуьрабаьлла тIом боьдучу хенахь, оццу Чимаевс байIат дира ал-БагIдади Абу-Бакрна [экстремизман ДАIИШ цхьаьнакхетараллин лидерна]. Цунна байIат цадинарг бусалба а вац, бохуш, хьийзира иза хIетахь. ХIинца оцу радикалах цIеххьана кадыровхо хилла. Кхеташ дац, стенна дира цо байIат, хиллий-те иза ДАIИШехьа, оццул сиха иза муха ваьллаКадыровгахьа.

- Нохчий шайна тIеберззол беза шун къоманна шен спортхой?

- Бу, уггаре хьалха уьш тергалбо кегийрхоша, чIогIа тергалбо. Тхан къона чкъор низамаш доцчу летаршна тIедоьрзу атта. Спортхой бевзаш нах бу, дукхачу наханна беза уьш. И хьал шен политикан хьашташка а дерзадой, цунах пайдаоьцу Кадыровс.

Тайсумовс инстаграме цуьнца даьккхина сурт чухIоттийча, иза хестийча, Тайсумов везаш болу эзарнаш кегийрхой хьуьйсу, уьш царех теша. Кадыров мила ву, ойла ца йо бераша, цара доьшу шайна везачу спортхочо яздийриг, цо а санна, хеставо «паччахь» а, цуьнан го а. Бераша тидаме ца оьцу Кадыровс а, цуьнан агIончаша а ден зуламаш, талхош йолу адамийн бакъонаш, бойъуш болу нах – царна ца го тиран, диктатор. Я Кадыров Iазапхо хилар тотту юьстах, уьш цуьнан пропагандех Iехало.


Европехь толамаш баха воьлла спортхо я наха тIеоьцу юкъараллахо шайн агIор ваккха хьаьвза кадыровхой. Ахча лур ду, олу, кхерамаш туьйсу, реза ца хилахь, проблемаш йохур ю, олу. Новкъа делахь а, аьтто болу церан оцу тIехь. Цундела гIертара со Тайсумов сайца лата кхайкхарца сайн махкахой ойланашка баха.

- Европерчу спортхоша кхочушдойла ду, къайлаха, Кадыровс ден аьлларг? Уьш тергамза стенна буьту Европерчу Iедало?

- Iедало цаьрга ца боху хIума, ца талхадо цара Европера низамаш. Зуламаш а ца дуьйлу цаьргара. Ца бо уьш Кадыров цавезарш байъа декхаре а – говзалла йолу киллераш ишта а бу дуккха – церан Iалашо ю, шайна гонах хьийзачу нехан ларамах пайда а оьцуш, Кадыров цавезарг дIалакъо. Европехь таIзар ца до оцу балханна.

- Европерчу нохчийн ойланаш муха ю Умаров Мимихан (Венера Анзор) вийначул тIаьхьа? Теший уьш иза вер толлур ду бохучух?

- Анзор вийначул тIаьхьа Австрин Iедало ден долучуьнга ладоьгIу нохчаша, амма кхоччуш ца теша талламо дерриг а гойтург хиларх. Оцу зуламан мах Iедало буьззина хадоре сатуьйсу оха.

Тхуна го, масала, Берлинехь стохка Хангошвили Зеламха верца доьзна Германи Оьрсийчооьнца гамъяла лерина яцар, цигарчу Iедало и зуламаш дойла шена хуъушехь. Изза ду и санна зуламаш динчу массо а мехкашкахь а. ТIех дахделла Хангошвили вер таллар. Тхо кхета, Германина хьашт дац нохчийн мухIажираш бахьанехь Оьрсийчоьнца юкъаметтиг талхо. Иштачу суьрто гойту нохчашна Австри Оьрсийчоьно нах байъарна кхоччуш дуьхьалъер йоцийла. Лаа-м лаьара тхуна теша.

- Бевр буй Кадыровна дуьхьал керла блогерш?

- МухIажираш кхерийна хиллачо. Амма ца кхерийна кадыровхойх дерг ма-дарра ца дийццал. Суна гург кхин ду, кхузахь блогерш а бойъуш, Кадыровс шена зен дина – тIекхеташ бу иза Iоравоху блогерш. Тхан махкахой алссам кхета боьлла, тIехьаьжча сов зене а боцу блогеран болх вуно новкъа буйла Кадыровна. Цундела керла-керла нах юкъабуьйлу машанашкахь, критика йо. Дуьйцу цара Нохчийчуьрчу куьйгалло халкъанна дечу зенех, зуламех лаьцна.

- РогIерчу киллерех муха Iалашбан беза Европера нохчий?

- Европехь нохчий хIаллакбеш хилар тергоне а эцна, дуьненаюкъарчу низамашца жоп дала деза. Оьрсийчуьрчу Iедална тIелата кхидIа зене хуьлучу даккха деза хьал. ТIаккха сацор ву Кремло Кадыров. Кремлера цкъа телефон шега тоьхча тоьур дара цунна, со тешна ву, тIаккха кхузара стагга а хьавийр вацара цо. ТIаккха соцур дара Кадыровн мостагIийн Европерчу гIаланашкара баларш.

Делахь а, дуккха а зама ю Оьрсийчуьрчу Iедало ишта зуламаш леладе. ДагадогIу вайна, мел дукха хIаллакхбина кху шерашкахь нохчий Туркойчохь. Оьрсийчоьнна духьало яц еш цхьаьнхьа а, цунна зен ца хуьлу нах иштта леш хиларх.

Миграцин урхаллаша а, полицино а, юкъахь болх а беш, мухIажирш зуьйш хилча, лахлур бара кхерам. Кадыров хестораш а, иза везарш а иза волчу дIахьийсош хила безара. ТIаккха кIезиг хир бара киллераш, хала хир дара керла зуламаш цаьрга дайта.

- Европерчу мехкаша коронавирус яржарца доьзна карантин хIотторна, ханна сецна нохчий даймахка юхахьийсор. Цуьнца доьзна хIун хийцаделла, шун юкъаралле гIодоьхуш, хIинца дохий орцанаш?

- Карантин лаьттачу кху муьрехь, иза бакъ ду, тхоьга гIодехначу нахах цхьа а ца хьажийна Оьрсийчу юха. Амма дац иза дозанаш къевлина хиларна – оцу нехан процессаш чекхйовланза ю, дуьненаюкъарчу низамийн буха тIехь шайн бакъонаш къуьйсуш Iа мухIажираш, оцу ханна хьийсабойла а дацара уьш даймахка. Шайна цIахь кхераме хиларх тоьшаллаш кечдеш бу уьш.

Сайна хуург алалур ду соьга. Гуьржийчуьра баьхкина нохчий юхахьийсийна аьлла хезна суна. И нах а уьду Оьрсийчоьно бохьучу кхерамах. Амма Европан Бертан урхаллаш теша Гуьржийчоь маьрша хиларх а, цигахь нах кхерамзаллехь бехаш хиларх а.

Пандемино хийцина хIума дац. Европера дIахьийсорна кхоьруш баьхна нах хIинца а бу оццу кхерамна кIел. Кхузахь мухIажирашна тIховкIело ялар лахделла, ткъа Оьрсийчоьно цхьацца нах дIабехар жигардаьлла. Цхьана ханна допортаци яр тIехьатоттуш а нисло.

Комментареш

New Comments Available

Пайхамарна ехкина карикатураш гайтарна Францехь хьехархо вер муха туьду аш?

ХIара Iилманца нисбина кхаж бац. Жоьпаш деллачарна хетарг бен ца гойту кхо.

XS
SM
MD
LG