ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Буденновскна тIелеттачу Нохчийчуьрчу вахархочун гIуллакх кхеле кхачийна


Закъалтхой лецарна а, теракт дарна а, нах байъарна а бехкаш тIаьххьара а тIечIагIдина Нохчийчуьрчу вахархочунна Черхигов Хазвахина, хаам бо Инарла прокуратуро. Къилбан тIеман кхелехь хоттур долуш ду цуьнан дов.

Талламан версица, 1995-чу шеран Товбеца-баттахь Басаев Шемала буьйралла а деш, Ставрополан кIоштарчу Буденновскна тIелетта ву Черхигов. Оцу зуламехь кхелхира 129 стаг, 317 вара чевнаш хилларг, 1 586 стаг йийсаре а лаьцна, закъалтехь латтийра.

Оьрсийчоьнан Талламан комитето чIагIдо, хIетахь 198 машен йохийна хиларх а, берийн кхоллараллин ЦIа хIаллакдарх а, хаъал зенаш дина хиларх кIоштарчу дарбан хIусамна а, чоьхьарчу гIуллакхийн декъан гIишлонна а, гIалин администрацина а, иштта, нах беха 107 хIусам йохорах а, царна 95 миллион соьмана зен а деш.

"Ша лелийначу зуламийн жоьпаллех валархьама Черхиговс шен фамили Исмаилов аьлла, хийцина хилла керлачу Оьрсийчоьнан вахархочун паспортца", - аьлла, билгалдаьккхина урхаллан пресс-релиза тIехь. Керлачу фамилица лелачу заманчохь 2011-чу шарахь Москварчу кхело таIзар дина хиллера цунна, бахамна а, юкъараллан кхерамзаллана а дуьхьал динчу зуламна тIехула. 2013-чу шарахь Курскан кIоштарчу колонехь хан токхуш волчу цуьнан вада аьтто баьллера.

ТIаьхьо юха а шен цIе а хийцина, еххачу хенахь лечкъаш леллера иза Iедалх. 2018-чу шеран гурахь юха а каравахара иза полисхойн.

  • 1995 шарахь Басаев Шемил коьртехь волчу тIемалойн тобано дIалецира Буденновск гIалара дарбан хIусам.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG