ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

"Путинан пхьаьрчий" а, кадыровхошца мелла чай а. Сибирерчу вахархочо гечдар стенна дехна?


Красноярскан кIошта нохчийн СОБР-ан ницкъахой баьхкича гIад ца ваханера меттигера вахархо Михановский Иван. Четаршца уьш охьабуьсучу хенахь видео тIехь дIаязъечу цо "Путинан пхьаьрчий, боьха хIуманаш, жIалеш" аьллера царех лаьцна. Амма тIаьхьо шен позици хийцира цо, цул совнах, спецназхой ша волчу чай мала хьошалгIа а кхайкхира. ХIун бахьана хIоьттинера-те, Сибирерчу вахархочунна, шен ойла оццул хийццал.

Зазадокху-беттан юккъерчу деношкахь баьхкира Нохчийчуьра хьеший Дудкине Iаморашка. Росгвардица цхьана спецназхой Iемаш бара 30 градус шелонехь зуламхойн тоба хIаллакъян.
Енисейн бердана гена доццучохь бIаьрг кхийтира царех, къаьркъа мелла а волуш, "спецназах лаьцна вон дешнаш" аьллачу Михановскийн.

Зазадокху-беттан 29-чохь зорбане яьккхинчу видео тIехь чIагIдо цо: "Ас дукха хан йоццуш тхаьш долчу Iама баьхкину леринчу ницкъашна боьха мотт а лебеш, видео хIоттийнера. И къамел ас вехна дина. Ткъа уьш хIора дийнахь а бу тхан спорзалашка лелаш. Нахаца вуно оьзда бу уьш. Массо а бу тхоьца дика. Сайна къинтIера бовлар доьху ас кхузарчу Росгвардин бIаьхошка. Бехк ма билла суна и боьха мотт ас лебарна. Царна цхьаъ эшахь – масала, чай кховдо – со даима хир ву накъосталлехь".

ТIеман декхарш кхочушдийраш "пхьаьрчий" бу алар, уьш сийсазбар ду-дац нийсонан аспектехь къастон дезаш ду. Къилбаседа Кавказан юриста Зубенко Виталийс кхеторехь, шен сий лардархьама, стаг кхеле вала веза, цигахь кхелахоша бийр бу сацам. Иштачу хьелашкахь низамо болх ца бо, Нохчийчоьнан Iедалхойн векалшна муьлхха критика йича а санна.

"Боллу Iедалан векалшна хьалха дохкобийларх дерг аьлча, иза ламаст хилла дIахIоьттина хIума ду, - тIетуху Кавказ.Реалиица къамел дечо. Тамашен ду, гечдарш доьхуш уггар а хьалха Нохчийчохь хезаш хилар.

"Меттигерчу хьаькамийн репутаци ю ишта: нах кхоьру, шайна бекхам барна

Зубенкос бахарехь, "Новая газете" тийсина кхерамаш санначу буха тIехь лелош ду.

Дукха хан йоццуш ницкъахоша диллина дIахьедира, журналист Милашина Елена мухха сацийна а, ца сацийча девр дац шаьш аьлла. Нохчийчохь лецначарна тIехь Iазапаш латторах артикл зорбане яьккхинера цо.

"Цеволург хIун ду аьлча, цхьана республикана хIуъа а магош хилар. Путина масийттазза дIахьедира, ша Нохчийчоьнан Iедалхошна реза хиларх, амма емал ца дира цо кхерамаш тийсар. Цуьнца кхеташ ду-кх дерриг а магош хилар", - дуьйцу Зубенкос.

Сибирехь массарна а хезаш, гечдар доьхуш дуьххьара дац.
Сенченко Константина 2016-чу шарахь Фейсбукехула дIахьедира, ша харцо лору оппозиционераш халкъан мостагIий бу баха шена магош волу Кадыров Рамзан регионан куьйгаллехь хилар, цунна ца йогIу я академикан а, я Оьрсийчоьнан Турпалан а цIерш, аьлла. Бюджетан белхахошкара ахчанаш а сецош, царех шахьараш хьалаеш волу Кадыров "Оьрсийчоьнан эхь" ду аьллера депутата. ХIетахь Нохчийчоьнан урхалхочо оппозиционерех дина дIахьедар бахьана долуш, оьгIаз вахийтинера ша аьллера видео тIехь Сенченкос.

Оьрсийчуьра нах Iадийна бу, кхечара шайна уьш къинтIера бохуш гинчул тIаьхьа, шайна гечдар деха хIуьтту уьш аьлла, ойла ю "Кавказский узел" агенталлан коьртачу редакторан Шведов Григорийн.

"Цхьа кхерамаш туьйсуш хир бу царна, я оцу хьоле балош хир бу цхьана агIор, дуьйцуш а маьттаза хета суна. Нохчийчохь а санна, Оьрсийчоьнан кхин йолчу регионашкара а шайна бекхам хила тарло аьлла, хоьтийла дац гуттар а", - боху къамел дечо.

Шведовна хетарехь, кхерамаш кхочучу нехан бенцахетаро а, бакъонехь нийсо лаха цалааро а даржош ду бехказбийларш.

"Стен новкъарло йо Къилбаседа Кавказал а арахьа бехачу нахана полици бовла?

"Къилбаседа Кавказал а арахьа бехачу нахана стен новкъарло йо полицига дIахьедан, нагахь санна, шайна цхьа кхерамаш тийсахь?

Фейсбукехь яздича тоьаш дац, полицига дIахаийта деза. Меттигерчу прокуратуро, Нохчийчуьра баьхкина-м хир бацара уьш, шаьш бехачу меттигашкахь авторитет йолчу нахехьа гIо дохур ду? Суна ишта ца хета",- боху коьртачу редакторо.

Оцу юкъанна, Дудинкера Михановский Ивана дина къамел хьахийча, билгалдоккху Шведовс: аьшнаш даре кепехь дара къамел.

Спецназца йолчу видео тIехь Михановскийс адамийн бакъонаш хьешар емал ца дора, я адамийн маршо ларъе бохуш, кхайкхамаш а ца бинера, цо нах емалбора.

Ала дашна, Нохчийчоьнан Iедалхой сийсаз бечийн гIуллакх кхин а ирча доьрзу. Масала, стохка IADAT телеграм-каналан модератор лаьттина Тепсуркаев Салман лачкъийна, цуьнга гечдар дехийтина ца Iаш, видео тIе дIа а яздеш, ницкъ бира цунна тIехь.

Европехь вехачу масех нохчийн блогерна тIелетарш дира, Кадыровх лаьцна товш доцу къамелаш динчул тIааьхьа.

Чиллан-баттахь Freedom House вовшахтохаралло бинчу талламашца, 2014-чу шарера схьа дуьйна дIаяздечу тоьшаллашца, пачхьалкхал а арахьа адамийн бакъонаш йохош лелийначу 32 зуламех, 20 Нохчийчоьнца доьзна ду.

Соьлжа-ГIаларчу Iедалан коьртехь болучарна дуьхьал йохучу санкцеша а кхин беш пайда бац. Делахь а, "Iаьржачу тептаре" бохучу Кадыровн гонерчу нехан имидж талхайо, амма Американ Цхьаьнатоьхначу Штаташка а, Евробертан пачхьалкхашка а бахар царна дехкар а, церан банкашкара ахчанаш сецадар а, эксперташа билгалдаккхарехь, маьIне дац.

Кадыровхоша лелочу зуламех лаьцна баржочу хаамийн кхин дIоггара терго ца йо Кремло, даим а санна: тоьшаллаш кхачаме дац олий, йа президентан компетенцехь дац оцу кепара хеттарш листа олий, дIадерзадо Песковс.

Ткъа Путин Владимира, массарна а хезаш Нохчийчоьнан урхалхочух лаьцна дуьйцучу хенахь, цунна ша реза хиларх дIахьедо.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG