ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

"Цкъа - шпион, тIаккха –экстремист". ХIун дина Мисарна гIалгIайн студенташа?


Мисарара "Тора" набахти
Мисарара "Тора" набахти

Белов Евгений

КъахIирехь 2018-чу шарахь лецна, бехха набахтехь кхаьбна гIалгIайн студенташ Плиев Рамзан, Аушев Илез, Чемурзиев ИсмаьIал Железноводскерчу санаторехь могашалла меттахIоттош бу кху муьрехь. Ши шо ах шо даьккхина цара кхеташ доцчу бахьаница чубоьхкина, ткъа арахецна, тIебаьхьина бехк а боцуш. Могашалла галъяьккхина, дешарна тIаьхьабисина.

Кхин цхьа гIалгIа а вара вадийна, иза схьакарийна цхьа шо ах шо даьлча КъахIирерчу "Тора" набахтехь, дIахецанза ву хIинца а. Хууш дац тахана а цигарчу пхьоьалгIачу студентах Дугиев Хизарх хилларг. Мисаран Iедало официалехь Оьрсийчоьнан агIоне жоп делла, Дугиев шайн махка кхаьчна а вац, аьлла. Амма талламна гонаха лелачу гIурто, Мисарарчу ницкъхойн, кхелан цхьа жоп кхечуьнца дозалуш дацаро юьту яккхий шеконаш.

Лецначийн гергарчарна хаьа, масала, Дугиев лаццале Дзейтовца цхьаьна гинийла КъихIирехь, бехктакхаман гIуллакхан документашлахь ду и шиъ цхьана кафехь Iаш даьккхина сурт. Шеко яц Дугиев Мисарахь хилла хиларан.

Муьлхачу хьолехь бу гIалгIайн студенташ, стенна бехкебеш хилла, берраш а дIа стенна ца хецна – оцу хьокъехь Кавказ.Реалиино къамел дина церан гергарчаьрца.

" Кхин сагатдан ца оьшу, элира тхоьга "

Бакъоларъярхойн Карабулакерчу "Машр" цхьаьнакхетаралле берех лаьцна къамелдан баьхкира арахецначу студентийн дай – Аушев Мустафа а, Плиев Алисхан а. Чохь баьхкина кIентий шаьш реза ца хилира интервью яла – лазаме ду царна лайнарг дагалеца, лоьраша а ца магадо хьегна бала карлабаха. Цундела цхьадолу хеттарш оха берашка гергарчаьргахула дира.

Набахтера хаамаш дукха хьолехь цу чуьра арабовлучаьргара я студенташна бевзаш болчу хадечу нахера баьржа.

Студенташа дийцарехь, 2018-чу шарахь уьш лечкъийча, кхаьбна стаг чохь цхьалха латточу камерашкахь. Ах шо даьлча, хаамийн гIирсаша хилларг дийца даьккхича, Европера Мисаран векалташна хьалха пикеташ йолийча, Оьрсийчоьнан векалто Мисаран прокуратуре, полице хеттарш дан долийча, меттигерчу Iедало гайтина лецна кхобу тутмакхаш. ТIаккха бен ца хилла церан вовшашна ган йиш.

Плиев Алисхана иштта дагалоьцу воI цIакхаьчна хан: "Дечкен-бутт боьрзуш цхьамма кехатан цуьрг араяьккхира набахти чуьра, тхан бераш дIахоьцуш ду, аьлла. Набахтера хаамаш дукха хьолехь цу чуьра арабовлучаьргара я студенташна бевзаш болчу хадечу нахера баьржа. Иштта хиира тхуна уьш цIабогIуш буйла. Магасехь цхьана ницкъаллин урхалле кхайкхира тхо, хаийтира бераш Москва кхаьчна хилар".

Москвахь цIабахка кемана уьш ховшош, зIе яцара цаьрца, цундела гергарнаш ца тешара шайн бераш цIадогIу бохучух, уьш шайна галлалц.

"Кхин сагатдан ца оьшу, элира тхоьга, шун бераш кхана цIахь буьйса йоккхуш хир ду. Бакъду, Дечкен-беттан 27-чохь уьш баккъал а бара цIахь", - дуьйцу Алисхана.

Магасе кегийнах кхаьчча, ницкъхоша ма-дарра хиттина цаьрга, муха нисделла уьш лецар. "Иза ца лелийча ца йолу кеп ю, элира тхоьга", – дагалоьцу Плиевс.

Кхуьй а жимастаг левинчул тIаьхьа цIавахийтаро тешийра гергарнаш цаьргара я Мисарахь а, я Оьрсийчохь а зуламе хIума даьлла дацарх.

Плиевс а, Аушевс а билгалдоккху ГIалгIайчуьрчу адамийн бакъонашна тIехьожучуьн хьукмато шайн кIентий мукъабохуш гIодина хилар: даржхоша дуккха а кехаташ, дIахьедарш хьийсийра Мисарарчу бакъоларъярхошка, дипломаташка, официалан векалшка.

Дакъалецира кегий нах мукъабохуш Оьрсийчоьнан Федерацин кхеташонехь ГIалгIайчоьнан векал волчу Хамчиев Беслана а. Цо лурчаха дийхира дипломатин урхаллин куьйгалхочуьнга Лавров Сергейга Мисарахь лецнарш мукъабохуш гIодар.

"Дено-дено булуш бу маршонах"

ЦIабирзина масех де даьлча, лоьрех чекбовла бахара студенташ – ГIалгIайчоьнан могашаллин министралло гIодира.

"Муьлхачу хьолехь цIакхаьчна, хетта а ма хетталахь. Аьттехьа а бац уьш оха деша дIа ма хьовссора", – леткъа Плиев.

Железноводскерчу санаторехь хууш ду берашна хилларг, медикаш дика хьовсу цаьрга.

Аушевн а, Чемурзиевн а кортош чохь дестар карийна. Кхуьй а ву могашалла дика йоцуш: пехийн цамгар, хала садоIуш. Цхьайолу цамгарш даиманенна а юьсур ю.

Бершаца цхьаьна санаторехь йолчу Чемурзиева Марема дийцарехь, кегийнах халла булуш бу паргIатонах, могашалла тоян гIерта, човхийна дегнаш денлуш лаьтта церан.

Железноводскерчу санаторехь хууш ду берашна хилларг, медикаш дика хьовсу цаьрга. Цигара бевлча, цIахь а, Москвахь а дарба шайна дайта дагахь бу кегийнах. Цара бахарехь, набахтехь лоьралла леллане а ца лелийна царна.

"Ма декъаза ю вайн пачхьалкх хIорш цуьнан шпионаш а белахь!"

ХIун бехк хилла Мисарахь студенташна дуьхьалбетташ? КхоалгIа шо ду оцу хаттарна жоп карош доцу. Iедало цхьа а документ ца гайтина цара дина зен хьахош.

Полицино тIелетта, студенташ лецча, хаамийн гIирсашна уьш визанаш дIаяхйина яцарна лецна моьттура. ТIахьо Дзейтов Iелас набахтера даийтинчу кехатах кхийтира – студенташ шпионалла лелорна бекебеш буйла.

"Беламе ду суна: ма декъаза ю вайн пачхьалкх хIорш цуьнан шпионаш а белахь! Юьхьанца Iедало ша лецна бохура кегийнах, цаьргара визанаш чекхъевлла хиларна, амма кхелехь иза хьахош а дацара", – дуьйцу Плиев Алисхана.

Лецначул тIаьхьа гIалгIашна террорхошна ахча латтор бехкдан а гIиртина. Алисхан цецвуьйлу: "Тхоьга деша бахначарна а ца латталора ахча, хала лелабора уьш".

Тутмакхийн духарш масийтта басахь ду: кIайн, цIен, баьццара, сийна. ЦIен духарахь берш – уггаре халанаш бу.

"Оха берашна ахча хьежош ца хиллехь, уьш цигахь мацалла лийр бара. Набахтехь кхача вуно вон бара. ХIоранна цхьа юткъа шаршу бен яцара тIетаса луш. Оха царна оьцура уьш, амма тIехьовсучара дIайохура. Телефонаш а, планшеташ а яйна берашна цIийнах хьаьвсинчул тIаьхьа, деша оьшучу компьютершца цхьаьна. Дуккха а ду со кIанте дала ца хIуттуш дисина хеттарш. Цунна мел хала ду го суна. Масала, оха иза лоьхучу эха шарахь иза мел холчохь хилла хаьа. Меттабахканза бу уьш хIинца а. ТIаьхьо шаьш дийца мега леллачух лаьцна", - аьлла хета Плиевна.

Шина шарахь эха шарахь латтийна цхьа а бахьана а доцуш набахтехь, тешна бу дай-наной. Студенташ цIахьовсош, Мисарарчу прокурора, белшех куг а тоьхна, аьлла цаьрга, бехк ма билла, "иштта нисделла-кх", дуьйцу гергарчара.

Кхелан ладегIарш хилла ала а дац. Лечкъийначарна деккъа дIа иштта яхъеш хилла набахтехь кхобу хенаш хIора 45 де-буьйса мел долу. Дахьоьцучу хенахь аьлла, йина кхел а йоцуш: шу маьрша ду, шайн цIа гIо.

Бехк а боцуш лецна латторна компенсаци еха эрна ду, аьлла хета Плиев Алисханна. Я Iела мукъаваккхалц иза хьехочохь а дац: "Стаг цигахь чохьволлуш хилча, тIаьхьалестийча а ца оьшу тхуна церан компенсаци", - боху цо.

Дай-ноноша а, шаьш набахтехь бахкинчара а далхадо Мисарарчу Iедало цхьа а информаци луш яцар, цигахь лелла гIурт. Пачхьалкхан векалш бехха Iийна Оьрсийчоьнна ша набахтехь латточу цуьнан бахархойх хилларг ца довзуьйтуш, хьал дуьйцучохь дац а олуш.

"Мел дукха хуьлу цигахь шайн бераш ган баьхкина зударий, амма массарна ца гойту. Тутмакхийн духарш масийтта басахь ду: кIайн, цIен, баьццара, сийна. ЦIен духарахь берш – уггаре халанаш бу. Юхьанца тхуна тхайнаш кIайн духарахь гира – тутмакхийн лелар юккъерчу барамехь ду бохург ду иза. Цул тIаьхьа царна сийна духар делира", – дуьйцу Плиевн дас.

Набахтехь проблема яра чуьра цIенкъа тIулган хилар а, маьнгеш дацар а. Дукхахболу тутмакхаш оцу цIенкъахь Iохкуш хуьлу, гоьнан метта буха картон а дуьллий, юткъа шаршу тIе а тосий.

Шина шерачохь масийттазза хилла дай-наной кIентий болчохь. Куьйга эшара буьйцуш хилла набахтин белхахошца мотт, лелачу юкъанна Iаьрбийн дешнаш а Iамош, школел тIаьхьа дицдаланза дисина ингалсан дешнаш юкъа а иэдеш.

"Тхуна тхайн бераша Мисарахь доьшур ду аьлла хеттера. Ал-Азхарехь дин Iаморал а сов, астрономи, физика, математика, Iаьрбийн мотт хьоьху. Тхо ца кхета, документашца проблема оьккхуш хилча, вай цигахь гойла лууш ца хилча, эццахь допорт стенна ца йина, стенна ховшуш бу набахти чу?! " – хеттарш лаьтта Плиев –воккхачуьнгахь.

"Мисарарчу ницкъхошкахь тоьшаллаш дац"

Адамийн бакъонехула йолчу ГIалгIайчуьрчу урхаллехь Кавказ.Реалиига элира, Мисарахь набахтехь висина Дзейтов Iела мукъаваккха гIерташ хьийза шаьш.

Мисарарчу агIонан цхьа а тоьшаллаш а дац. Хала ду цаьргара информаци хаза а

"ДIахецначарна реабилитаци еш хьийза тхо. Диллина ду Мисарарчу Оьрсийчоьнан векалтаца а, гочдархочуьнгахула Дзейтовн адвокатца а зIенехь. Цуьнан дов кхеле дала кечдеш ду, кху Охан-баттахь хила еза иза. Юьхьанца шпион хиларх шеко яра цигахь, хIинца – экстремизм юьйцу. Беза бехк бу иза. Мисарарчу агIонан цхьа а тоьшаллаш а дац. Хала ду цаьргара информаци хаза а", – элира гIалгIайн омбудсменан офисан векало.

Шен кIентан хьокъехь хууш хIума дац Дзейтов Iелин нанна. "Берраш дIалецна [кхечу студенташца цхьаьна], Плиевца цхьана хIусамехь вехаш вара сан кIант. Уьш-м бац адамаш терра лебина а бац. Кхеле балабо, цигахь йозанаш а дой, юхабуьгу. Юкъ-кара кхеле а ца буьгуш, дIаяхйо набахтехь кхобу хан. ЦIадаьхкина бераш цецдуьйлу, Iела дIа стенна ца хецна ца хууш. Мисарахь хуьлуш ма-хиллара, адвокатна Дзейтов бехкевеш цхьа а документ ца гайтина. Цкъачунна хилла дац кхелехь ладегIарш. Доцца аьлча, ца хоуьйту муьлхачу зуламна бехкево", - боху Мисарахь кIант набахтехь латточу нанас.

Оьрсийчоьнан Мисарарчу векалтан белхахоша бахарехь, кхелехь ладегIарш хир дуйла ца хоуьйту царна и кхел хила де дуьсуш я иза йолалучу дийнан Iуьйранна бен.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG