ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Дагестанера MMA-н латархо шекваьлла Кадыровн кIанта баьккхинчу толамах


Гайтаман сурт
Гайтаман сурт

Охан-беттан 8-чохь Соьлжа-ГIалахь дIаяьхьначу дуьненаюкъарчу боксан турнирехь Нохчийчоьнан куьйгалхочун 13 шо долчу кIантана Кадыров Адамна толам дIалуш реферис бинчу сацамехь бакъо талхийна хилар гина Дагестанера схьаваьллачу Оьрсийчоьнан ММА-н латархочунна Исмаилов Мохьмадна. Цунна хетарехь, Кадыровн а, ГIебарта -Балкхаройчуьрчу Биттаров Асланан а латар юкъахдаккхар нийса дацара.

"Цкъа делахь, нийса сацор дацара иза. Сан хаттар суьдхочуьнга а, соне а [Биттировга]ду", - аьллачу спортсменан дешнаш далийна "Чемпионат.com" редакцино.

Оцу юкъанна, ММА-н латархочо билгалдаьккхина, шина кIентан "бехк бацара" аьлла: "Иза ший а ринга тIе лата ваьлла вара. Эцна бара и толам йа бацара? Вайна хуийла дац, шеконаш хиларал совнах. Асланан агIоно кхерабелла и гата юкъа тесча санна хета".

Хьалхо латарна комментари еш, ГIебарта-Балкхаройчоьнан боксан Федерацин президенто Бербеков Нажмудина журналисташка элира, спортхо "эшна" хилар Биттаровн тренерша шайггара ца къастийра, ца бевлла тесира юкъа гата, аьлла.

"Тренерш цхьаьннан карахь хуьлу, хаа ду шуна, цара шайггара ца бина и сацам [гата юкъатасар]. Ас иза луьстур ду", - аьллера юьхьанца Бербековс. ТIаьхьо федерацин президента хаамийн гIирсаш бехкебира Нохчийчоьнан куьйгалхочун кIантана "толам дIабаларх" лаьцна ша аьлла бохуш доцург яздарна.

Леташ "толам дIабелла" Бербековс аьлла дацахь а, массех хаамийн гIирсо тренераш бозуш хиларх лаьцна цо аьлларг тидира иштта.

Яьржина резонанс Соьлжа-Галахь комментарешка яьккхинчара нийсонца дIадаьхьна латар, чIагIдо. Нохчийчоьнан парламентан куьйгалхочо Даудов Мохьмада хаамийн гIирсаш бехкебира харцдерг даржорна, латарна тIехь шайна "пиар ян" гIерта уьш, аьлла. Цуьнан дешнашца аьлча, рефери "Биттаровн бIаьргаш чу а хьажна, кхийтира иза галъиккхина вуйла".

Хьехориг ду Соьлжа-ГIалахь Охан-беттан 8-чохь "Туьйранийн Зама 6: Леррина операци" це йолу халкъашна юкъара боксан къовсадаларш доьлхуш 13 шо долчу Кадыровна а, ГIебарта-Балкхаройчуьрчу цуьнан нийсархочунна Биттаров Асланна а юкъахь хилла латар.

Латарш дирзинчул тIаьхьа, "Грозный-информ" агенталло яздира хьовсархошна хетарехь, Кадыров Адама шеца леташ хиллачунна цхьа а шанс ца йитира аьлла.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG