ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Чубоьхкина нах хьийзорца евзачу Ярославлерчу №1 колонехь велла тутмакх карийна


Ярославлерчу №1 колонехь, велла тутмакх карийна , яздо "Карара хан" телеканало, 76.RU зорбан гIирсана тIе а тевжаш. Инцидент хилла Мангал-беттан 19-хь, кхелхинчун хилла 28 шо.

Колонин белхахоша дийцарехь, тутмакх карийна, дийна хиларан цхьа а билгало а йоцуш. Бохам хиллачу метте кхайкхина хилла лоьраш, амма чунна чу садало гIортар дирзина жамI доцуш, чувольллинарг велла, хаам бина Оьрсийчоьнан Ярославлан кIоштехула йолчу ТаIзарш кхочуш даран федералан урхалло. 76.RU зорбан гIирсан хьастано аьлла и стан ша-шен карах велла аьлла.

Ярославерчу №1 колонехь чубоьхкинчу нахана тIехь ницкъбарх а, уьш хьийзош хиларх а лаьцна дуьххьара 2017-чу шарахь дийцира "Общественный вердикт" фондан бакъонашдаръярхошка цигахь хан токхуш хиллачу Макаров Евгенийс а, Вахапов Руслана а, Непомнящих Ивана а.

2018-чу шарахь аьхка "Новая газето" зорбане яьккхира Ярославлерчу УФСИН белхахочун видеорегистраторо дIаязйина видео. Цу тIехь гуш дара тутмакхна Макаровна етташ.

"Ярославлерчу гIуллакхехула" жоьпе озийнера 13 стаг, шайна юкъахь ИК-1 колонин хьаькаман ханна декхарш кхочуш деш хилла Николаев Дмитрий а, цуьнан гIовс Михайтов Игит а волуш. Оцу шимма омра а делла дIахьуш хиллера, прокуроратуро дийцарехь, "кхетош-кхиоран болх" а, тутмакхашна ницкъбеш видео яккхар а.

Кхел йоьдуш прокурора дийхира Николаев а, Михайлов а хIора а 7 шо колонехь даккха чуволлар. Амма суьдхочо бехказваьккхира и шиъ. Колонин вина 11 белхахо колонехь юккъерчу рожехь хан яккха чувоьллира 3-4 шо 3 бутт хенаш а тоьхна. Уьш берш а бехке бинера "даржо лучул а бакъонех тIехбоьвларна.

ТIаьхьо гучуделира оцу колонех кхинолу нах хьийзош а, ницкъбар ловш а хилла хилар.

2018-чу шарахь ГIадужу-баттахь бакъонашларъярхошка орца дийхира Ярославлан кIоштарчу Углич гIаларчу №3 колонехь хан токхушчу тутмакхаша.

Цара шайна етта, ницкъ бо колонехь, бохуш латкъамаш бора. Оцу бехктакхаман гIуллакхна юкъаозийна ву эшам хилла 25 стаг. Ярославлерчу №1 колонин 2 белхахо лаьцна, чубоьхкинчу нахана тIехь Iазап латтош яьхна керла видеош зорбане евллачул тIаьхьа.

Кхушара Чиллан баттахь "Новая газето" зорбане яьккхира Ярославлерчу №1 колонехь адамаш хьийзош яьккхина "Общественный вердикт" бакъонашларйон фонде яийтина ши видео. Оцу хьокъехь, даржах тIех бовлар толлуш, бехктакхаман гIуллакх долийна шаьш аьлла хаам бина Талламан комитето, ткъа ФСИН-а дIахьедира хилларг къастош ду шаьш аьлла а, оцу видеошна тIехь болу цхьаболу белхахой хIинцале а кхечу гIуллакхашкахула чубоьхкина хилар а хоуьйтуш.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG