ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Американ президентан дIахьедар ца тайначу Кадыровс иза хьошалгIа кхайкхина


Джо Байден
Джо Байден

Нохчийчохь бакъонаш Iалашъеш цахиларх лаьцна Американ Цхьаьнатоьхначу Штатийн президента Джо Байдена шога динчу дIахьедарна жоп лучу Нохчийчоьнан куьйгалхочо Кадыров Рамзана махка кхайкхийна иза. Шен телеграмерчу агIонехь пост хIоттийна Кадыровс цунах лаьцна, яздо ТАСС агенталло.

Шинарин дийнахь Цхьаьнакхеттачу Къаьмнийн Организацин (ООН) трибунитIера кхайкхам бира Американ президента, доллу дуьненахь а ЛГБТ-н векалийн бакъонаш ларъяйта цхьа юкъара барамаш лело беза аьлла, Нохчийчоь а Камерун а билгалйоккхуш.

"Афганистанера эхье эскарш арадаьхна Байден юкъ-наккъара Нохчийчоь хьехо воьлла. Тхо хIинца а меттадахканза ду, Американ президентан даржехь волчу цо хьалхо дина цхьамогIа дIахьедарш бахьана долуш, ткъа хIинца керла, пайда боцу, инзаре хIуманаш дуьйцу цо. Цхьа абсурде дIахьедар цо дина, цунна жоп луш, иза Нохчийчу кхайкхар доцург, кхин ала хIума дац сан", - яздина Кадыровс.

  • Нохчийчоьнан куьйгалхочо Кадыров Рамзана комментари йира хьалхо Цхьаьнатоьхначу Штатийн президентан даржехь Iен хан йоьрзуш волчу Трампан Дональдан социалан машанашкара аккаунташ дIакъевлина аьлла кхаьчначу хаамна. Телеграмерчу шен каналехь яздинера цо оцу хьокъехь. "ХIинца тхойша гIеххьачул тера ву вовшех: хьалхо со цо социалан машанашкахь блоке хIоттийна хиллахь а, хIинца гIаттаме ваьлла волу Трамп Дональд ша ву блоке хьажийна", - яздира Кадыровс.
  • Кадыровн Instagram а, Facebook а машанашкара аккаунташ къевлира 2017-чу шеран Iай, иза санкцийн "Магнитскийн тептара" язвина хиларца доьзна. Оцу бахьаница Mylistory социалан маша биллира Нохчийчохь. Амма нахалахь баржанза бисина и маша.
  • Карладоккху, Нохчийчоьнан куьйгалхочун Кадыров Рамзанан уллорчу гонашкарчу пхеа векална дуьхьал бехкзуламан гIуллакх даккхар дийхира кху шеран Охан-баттахь Европан конституцин а, адамийн а бакъонашкахула йолчу центро а (European Center for Constitutional and Human Rights, ECCHR), "Оьрсийчоьнан ЛГБТ-машано" а
  • Бакъоларъярхоша Iедалхошна а, ницкъахошна а бехкаш дохкура махкахь бакъо йоцуш гейш лецарна а, царна тIехь къизаллаш лелорна а, мел лахара а 150 стаг вен тIехьехарна а. 97 агIонах лаьттта документ зийначул тIаьхьа Британин The Guardian газето бира и хаам.
  • 2020-чу шеран Мангал-баттахь Цхьаьнатоьхначу Штаташа адамийн бакъонаш талхорна Кадыров Рамзан язвира санкцийн тептара. Кхочу санкцийн таIзар цуьнан зудчунна Кадырова Меднина а, шина йоIанна Iайшатна а, Каринина а.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG