ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

"Нохчийн зударий а бу тапъаьлла Iаш".  Оьрсийчоьнан салтийн наноша шайн кIентий кIелхьара хIунда ца боху?


Москвахь тIамна дуьхьал хIоттийна митинг, Зазадокху-беттан 10-гIа ду, 2014 шо
Москвахь тIамна дуьхьал хIоттийна митинг, Зазадокху-беттан 10-гIа ду, 2014 шо

Нохчийчохь хиллачу тIеман а, Украине гIортарехь а цхьаьнадогIург дуьйцуш, схьабогIу социалан машанашкахь. Шайн кIентийн кхолламаш "бенцахета" олий, бехкбоккху Оьрсийчоьнан салтийн наношкара. Нохчийчохь тIом болуш санна, шайн доьзалш кIелхьарбаха уьш ца боьлху бохуш, дуьхьалдетта царна. Оьрсийчоьнан а, Нохчийчоьнан а тIемашкара схьа дуьйна муха хийцаелла юкъаралла, Украинерчу тIамна дуьхьал стенна ца бовлу нохчийн а, оьрсийн а наной аьлла, къамел дира Кавказ.Реалиино, и хаттар листинчу эксперташца а, бакъонашларъярхошца а.

Соьлжа-ГIалана дуьххьара штурм йеш а, 1994-чу шеран ГIуран -баттахь Нохчийчу эскарш оьзначул тIаьхьа а масех бIе салтий йийсаре лаьцнера. Шерашкахь шаьш гулбина бахам дIабоьхкина, тIекIелтоьхна ахча караэцна, церан наной Нохчийчу хьаьлхира. Бомбанаша дохийначу некъаштIехула, тIейеттачу заманчохь цхьана постера вукху посте а боьлхуш, цхьа мIара тосийла лоьхуш лийлира уьш.

Цхьаболу наной беттанашкахь Iара Нохчийчохь, доьзалш лоьхуш, йийсарера дийна шайн бераш даха аьтто хуьлура церан, амма массеран а ца хуьлура.

ТIемаш боьлхучу меттигашка кхача хIетахь Iаламат хала доллушехь, масала, журналисташ а ( Оьрсийчоьнан а, арахьара а) сецабора блокпосташкахь, йа йийсаре лоьцура уьш а. Амма салтийн наной дIакхочура шьаш боьлхучу, лоьхура цара шайн кIентий. Оьрсийчоьнан бахархой тIамна дуьхьал хиларан тоьшалла дара иза.

  • Коюкова Валентинас цхьа цхьа шой, ворхI бутт хан яьккхира Нохчийчохь, шен доьза вайна кIант-эпсар лоьхуш.
  • Родионова Любовь – шен кIант лоьхуш исс беттачохь 70 сов эвлахула а, лаьмнийн ярташкахула а чекхяьлла иза.
  • Третьякова Ольгас йоллу Нохчийчоь теллина шен кIант лоьхуш, кара а вира цунна иза. Эзарнашкахь бара иштта зударий. Оцу зударех лаьцна дийцарш карадойла ю Интернетехь, суьрташ, видеош, цIеран архивера кехаташ а цхьаьна долуш.

Оьрсийчоьно болийна, Украинехь тIом боьду боьалгIа бутт бу. Оцу тIаме, церан гергарчара дIахьедарехь, Iеха а бина, хьовсийна эскарехь гIуллакх ден салтий, цунах лаьцна хиира тIелеттачу юьххьехь, машанашкахь Оьрсийчоьнан тIеман йийсархошца видеороликаш гучуйийла юьйлаелча.

Юьхьанца Оьрсийчоьнан Iедалхоша шайн ма-хуьллу тIе ца дуьтура эскарехь ханна гIуллакх дийраш шаьш Украинерчу тIаме хьовсийна бохург. Президенто Путин Владимира дIахьедира, луларчу пачхьалкхерчу спецоперацехь цара дакъалоцур дац аьлла. Делахь а, Кремль декхаре хилира тIамехь салтий хилар бакъдан – Путина тIедиллира Коьртачу тIеман прокуратуре талламбан материалаш хьовсон.

ТIамах лаьцна фейкаш яржор а, Оьрсийчоьнан тIеман ницкъашна дискредитаци яр а доьхкучу низамна куьйгъяздира иштта президенто. 15 шаре кхаччалц набахтехь яккха хан кхачайо таIзаро. Ткъа, Оьрсийчоьнан эскархошца тIемаш бечийн гергарнаш тапъаьлла Iайта, царна чIагIо йина, "леррина тIеман операци" йоьдучу юкъанна дакъалоцучарна, цигахь лазийначарна, чевнаш йинчарна ахчанан компенсацеш кхачор ю аьлла.

Интернетехь видео яржийнера, цхьахволчу оьрсийн эскархочун Таджиев Вадиман нанна шен кIант дийна ву, йа вац ца хаьа, амма Путине компенсаци йоьху цо веллачух санна.

Тхоьгахь видеош йисина, дIавоьллина кхо эскархо схьаохкуш, наноша лехьайора церан туьтанаш, даьIахкаш, оха гIо дора царна уьш дIахьош

Социалан машанашкахь болчу дуккхаъчара яздо, хIинца наноша шайн бераш кIелхьара ца доху, тIамна дуьхьал а ца бовлу, Оьрсийчоьнан президенто лур ду аьллчау ахчанашна а, компенсацешна а сагатдо цара аьлла.

Дуккхахь шерашкахь Нохчийчоьнца йоьзна проекташ кхочушъен бакъоларъярхо Ганнушкина Светлана ца теша, ненан инстинктал а ницкъе хилла сутаралла бохучух. ХIоьттинчу хьолан мах иштта хадабо цо.

"Цхьана агIор, салтийн нанойн комитеташ карлаяьхна яц дуккхаъчу заманчохь, тоххара хилла хьалханчаш а бац, Кирбасова Мария (Оьрсийчоьнан юкъаралхо, "салтийн наной" болам вовшахтоьхнарг.- Редакцин билгалдаккхар.), фантом санна Нохчийчухала дIасалелара иза шен лозучу когаш тIехь, церан бераш схьадалош, дIадуьгуш лийлира. Полякова Эллех (Оьрсийчоьнан бакъоларъярхо, "Санкт-Петербургерчу нанойн камитетан" лидер.- Билгалдаккхар), Мельникова Валентинех (бакъоларъярхо, Оьрсийчоьнан салтийн нанойн комитетийн Союзан жоьпаллин секретарь. – Билгалдаккхар.) хилларг санна тешам бац. Цул совнах юкъараллина хетарг а кхечу тайпа ду, массарна а тIом ца оьшу, амма пачхьалкхо дийриг оьшуш цахиларх цхьа къаьсташ дIахоуьйтуш долчух тера дац. Пропаганда шен болх беш ю, уьш баккъал а тешна бу, шайн бераша даймохк ларбеш бу аьлла", - хета Кавказ.Реалиица къамел динчунна.

Оьрсийчоьнан салтийн нанойн комитетийн Союзан жоьпаллин секретарь йолчу Мельникова Валентинас кхетадо таханалерачу нанойн ледара хьийзар, Оьрсийчохь спецопераци олучунна дуьхьалболчарна тIаьхьабевлла леларца. Иза тешна ю, салтийн нанойн комитетехь хьалханчаш цахилар дац, кхерамо бен уьш сецош бац аьлла.

Гашаева Зайнап – Нохчийчхь хьалхара тIом болабеллачу хенахь дуьйна бакъоларъяран болх бан йолаелла ю. 1995-чу шеран Зазадокху-баттахь маслаIат дечу юкъараллийн жигархошца дуьненан маршехь дакъалаьцна ю иза, цуьнан декъашхоша цхьана баттахь эха баттахь Москвара Нохчийчу кхаччалц некъ бира.

Тахана Гашаева Швейцарехь ехаш ю. Цуьнан гIоьнца аьтто баьлла Бернехь Нохчийн архив кхолла а, цуьнан болх боло а – Нохчийчохь ши тIом боьдуш хиллачух уникале видеохроникаш ю цигахь, иштта 1995-чу шарера 2006-чу шаре кхаччалц хилла хиламех а цхьаьна.

Кавказ.Реалиица къамелехь бакъоларъярхочо дийцира, дуьненан маршехь шеца чекхбевллачу салтийн нанойн турпалаллех.

"Оьрсийчоьнан наноша Нохчийчохь тIом боьдуш лелийначух лаьцна дийцича дера и боккха толам бара шайна наношна а, информацин таронашна а. Ненан къинхетамаллин дуьненан марш яра иза, Кирбасова коьртехь а йолуш, салтийн наноша вовшахтоьхна, - дуьйцу Гашаевас. – Машарбархо Хантер Крис вара тхоьца, хIинца Украинехь болу буддисташ-монахаш а бара, бIе гергга нана а яра. Марш дIахьочу заманчохь хIора гIалахь наношна агитаци йора оха, тхайх схьакхетийта. Юьхьанца дуьйна наной тIамна дуьхьал лаьттира, церан Iалашо яра вовшашна духь-дуьхьал хIоьттинчу шинна юкъахIоттар, тIом сацор, шайн кIентий цIабигар".

Гашаева Зайнапаца цхьаьна Нохчийчухула лелла ю бакъаоларъярхо Газиева Фатима, Оьрсийчоьнан эскарша Нохчийчохь лелон зуламаш камери тIе дIа а яздеш, байинчу салтийн чалхаш церан наношца цхьаьна лаьтта бухара схьа а охкуш.

"ХIаъ, чолхе мохь бара, бан а бу оцу зударийн белшаш тIехь берг, эзарнаш, бIеннаш наной таханалерачу дийне кхаччалц шайн берашка сатуьйсуш Iар, уьш цхьанхьа бу бохуш, дегайовхо латтар. Нохчийчохь тIемаш лаьттачу хенахь салтийн нанойн коьртехь яра Кирбасова, тIаьхьа Мельникова хилира, Питерехь Полякова Элла яра, цара массара а дуккхаъчу шерашкахь белхаш бира, оха цаьрца юкъарлонаш лелийра. 20 гергга нана Соьлжа-ГIалахь Iаш яра, хьалхара тIом берззалц шайн бераш лоьхура цара, дукхахболчарна хаьара, уьш дийна боций, амма хIетте а ца тешара, лоьхура. Юкъараллин организацеш хиларе терра, оха гIо дора царна. Тхоьгахь видеош йисина, дIавоьллина кхо эскархо схьаохкуш, наноша лехьайора церан туьтанаш, даьIахкаш, оха гIо дора царна уьш дIахьош. Iаламат дукха истореш ю тхоьгахь, хIетахьлерачу заманара сюжеташ", - дагалоьцу бакъоларъярхочо.

Цунна хетарехь, Нохчийчуьра а, Украинера а тIемаш бустийла дац.

"Цхьана а кепара бустийла дац Украинера тIом Нохчийчохь хиллачуьнца, уьш-тайп-тайпана бара. Тахана Нохчийчохь дерг инзаре хIума ду, хIунда аьлча, цхьана ненан дош ала йиш яц, оцу тIехь цаьргара бехк боккхийла а дац. Уьш шайн лаамехь бац", - дерзийра Гашаевас.

Стенна хIиттайо митингаш, бакъонца тIом бу бийриг аьлла хеташ хилча

Нохчийчохь тIемаш боьлхчу заманчохь къобалъязчу Ичкерин президентан Масхадов Асланан адъютант хилла ву Исханов Хьусейн, иза а ву салтийн наношца цхьаьнакхетта, цаьрца къамелаш динчарех, йийсаре эцна нах хуьйцуш дакъалаьцнарг, амма Исхановс чIагIдо, оцу тайпа масалш дукха дацара аьлла.

"ХIаъ, суна гина оьрсийн салтийн наной, бевзара уьш, цаьрца къамелаш дина ас, оха дIалора церан кара йийсаре баьхкина салтий, амма и зама кхин яра. ДIоггара дукха а ца хуьлура схьаоьху наной. Тахана дуьйцу, массо а наной салташна тIаьхьауьдуш лелча санна", - элира къамелехь Исхановс.

Цунна дуьхьал йолу бакъоларъярхо Ганнушкина.

"Болам бара, цхьа салтий цIа валийна ца Iара наной, Iедало дуьхьало ца йора. Юьхьанца масех зуда яра цига оьхуш, цо къегина масал гайтира, оцу боламах дIакхеттача кхечу зударшна", - боху Ганнушкинас.

ХIинца, Украинаца боьдучу тIамехь и тайпа масалш цахиларх цо кхетадо, салтийн наной пачхьалкхах кхоьруш хиларца.

"Тахана административан а, бехктакхаман а гIуллакхаш дуьхьал доху нахана – украинхойн Iедалхошца уьйр хилар-м дуьйцучохь а дац, эскарх лаьцна бистхила а йиш яц. Юкъара хьал хийцаделла. КIанта боху нене: "Со йийсарехь ву", цо боху цуьнга: "ТIом белахь, даймахкехьа юха ма валалахь". ДIаяздина къамелаш ма ду уьш, интернетехь лелаш долу. Юха а боху ас, хIаъ, пропагандо а Iаткъам бина, хIара фашизм, нацизм, толам боху кхетам тIеоьцу вайн историн дикаллин агIо йолуш санна", - боху къамелдечо.

Салтийн нанойн комитетан Союзах дIа а кхетта, зударий нохчийн гIаттамхошна а цхьаьна тIеоьхура, церан командирашна а, мехкан Iедалхошна, конфликт ерзош маслаIате дийцарш дIадахьар доьхуш. Мичча а гIура болуш бара наной, хьаьнцца а цхьанакхета а реза бара – шайн кIентий дийна шайга схьабелчхьана.

Тахана хIунда дац оцу тайпа гIуллакхаш аьлла, хаьттира Кавказ.Реалиин корреспонденто бакъоларъярхочуьнга, журналисте Байсаев Iусаме.

"Верхматан салтийн наной стенна ца буьйлура митингашка, эр вай, къилберчу тIамтIе хьийсийначу? ХIунда аьлча, церан хье буьзнера нацистийн гIучанех, хIунда аьлча, дерриг а нийса ду, фюрерна дика хаьа мила, стенга хьажон веза а, хIун дан деза а бохуш. Стенна хIиттайо митингаш, бакъонца тIом бу бийриг аьлла хеташ хилча, айхьа ойла ечу меттана, "соловьевгIеран", "симоньянгIеран" къамелашца жоп луш хилча. И бохург хIун ду, баьчча гIалат волуш вац аьлла, теша нах цунна тIаьххье дIабоьлху, доьзал, сий бохучу хIуманийн башха ойла а ца йо", - жоп делира Байсаевс.

Нохчийчохь тIом болчу заманчохь Оьрсийчоь мел а демократин пачхьалкх хиллехь а, тахана гайкаш тIечIагIйина тахана Iедало, кхин дIа караоьцу къамел Исханов Хьусейна.

"Тахана оцу салтичунна тIаьхьаяьлла лелахь нана, ца оьшу тIом, суна ца лаьа сайн кIанта тIом бан алахь – иза чуюллур ю, "Оьрсийчоьнан армина дискредитаци йо" аьлла",- хета къамелдечунна.

Цо бехкаш ца доху Оьрсийчоьнан салтийн наношкара, терго тIеузу, шайн кIентий луларчу махка нах байъа хьийсочу нохчийн наношна.

"Стенна буьйцу оьрсийн наной, хьажахьа нохчийн наношка. Тахана Нохчийчуьра цига хьийсадо кегий бераш! Со кхета лаамхо, воккха стаг, шен кхоллам шена хеттачу агIор берзо йиш ерг цига вахча, амма ханна гIуллакх дан эскаре хьажийнарг цига вахийтар – иза тIеман зулам ду. Йа Нохчийчохь а, йа Дагестанехь а цхьа а нанойн демонстраци гина яц суна. Хезна дац, нохчийн нанойн резадацар, шайн кIентий цига [Украине] хьажорна, уьш цигахь байъарна, церан декъий цIа ца кхачорна, цIа кхачадахь а, тишачу хьолехь…",- дагардо Исхановс.

ТIаьххьара а дагалоьцу цо, Нохчийчохь хьалхара тIом боьдуш вийначу 109 стеган, шайлахь зударий а, бераш а долуш, чалхаш 20I6-чу шарахь цIа кхачор, Ростов -гIалара Соьлжа-ГIала кхачийнера уьш, лаьттах йохка. Ичкерин президентан хиллачу адьютанто бахарехь, и чалхаш Санта Клаусан сурт тIехь долчу Керлачу шеран тIоьрмигаш чохь схьакхачийнера

"Оьрсийн наношкара бехк боккхийла дац сан, вайн нохчийн наной тапъаьлла Iаш хилча", - дерзийра къамел Хьусейна.

***

  • Оьрсийчоь Украине чугIоьртина биъ бутт баьлла. 4634 веллачу а, 5769 лазийначу а маьршачу вахархочух лаьцна тIечIагIбина хаамаш бу ООН-хь, амма организацехь тешна бу, церан баккъала долу терахь кхин а сов хиларх.
  • Оьрсийчоьнан президента Путин Владимира Украинехь кхелхиначийн доьзалшна ахчнаш далар хьахийра кхерамазаллин Кхеташонехь. Цо бахарехь, Украинехь вийначу стеган доьзална низамехь яздина долу цкъа дIакхачош долу пособи лур ду – 7,4 миллион сом бу цуьнан барам. Цул сов, хIоран вийначун доьзална 5 млн сом лур ду, аьлла дIахьедина цо.
  • Президента кхин а хIора баттахь беллачийн доьзалшна лерина ахчанан компенсаци хьахийна. Амма оцу ахчанийн барам ца бийцина цо.
  • Украинехь лазийначарна Путина цкъа дIакхачош долу пособи хьехна. Иштта, юха а тIамехь дакъа лаца йиш йоцуш хьал нисделча оцу пособин барам, цо бахарехь, 2,9 млн сом хир бу, цу тIетоьхна луш долчу пособин барам – 3 млн сом. Стаг заьIап виссахь, хIора баттахь цунна компенсаци ялар а ду хьахийна.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG