ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Соьлжа-ГIалахь йолчу МГУ-н филиал кечйийр йу нохчийн Iедалхошна гергарчу фирмо


Нохчийчоь, Соьлжа-ГIала
Нохчийчоь, Соьлжа-ГIала

Гезгамашин-баттахь Соьлжа-ГIалахь схьайоьллур йу Москвара Ломоносовн цIарахчу пачхьалкхан университетан филиал. Цунна оьшу гIирс дIахIоттор бу, хетарехь, Оьрсийчоьнан депутатца Делимханов Адамца йоьзначу "Смарт Билдинг" компанино.

Стигалкъекъа-беттан 29-чохь премьер-министро Хучиев Муслима цхьа могIа тIедахкарш дира МГУ-н филиал республикехь схьайеллийта: марсхьокху-бутт тIекхачале "Смарт Билдинго" гIирс а, оргтехника а дIахIоттон йеза, иштта лакхарчу доьшийлан пхи аудитори чохь хинйолчу кампусна йийбар а. Мел ахча хьажийна оцу гIуллакхна – хууш дац, и контракт дина пачхьалкхан цIарах гIирс оьцучу системел арахьа.

ООО "Смарт Билдинг" схьайиллинарг а, цуьнан коьрта директор а ву Зубайраев Сайд-Мохьмад, Москвахь а, Соьлжа-ГIалахь а кхин а йалх компани йу цуьнан цIарах. Хьалхо оцу компанина тIедиллинера иштта "Грозный молл" йохкаран а, самукъадаккхаран а центр, Соьлжа-ГIалара аэропортан дуьненайукъара терминал, Соьлжа-ГIалара дуьненайукъара университет, 435 чакхарма "Ахмат Тауэр" стигал-бохь йар а.

Ставрополехь арадолу Newstracke хьосто хаамбира, Нохчийчохь Зубайраев Сайд-Мохьмад сих-сиха го Оьрсийчоьнан парламентан депутатца, мехкан урхалхочун уллорчу накъостаца Делимханов Адамца аьлла. Депутато дакъалецира компанин гIишлошна презентаци йечохь а.

  • Нохчийчоьнан урхаллин йерриг а аьлча санна система Кадыров Рамзанна а, цуьнан гонна а тIехь йу, оцу йукъанна шен доьзалхой карьерехь хьалахбахар доккха хIума ца хета цунна. Пачхьалкхан даржашкахь бу цуьнан доьзалхой, йижарий, невцарий, йишин-вешин бераш, шичой, маьхчой. Кавказ.Реалии сайто вовшахтуьйхира, мехкан Iедалан структурашкахь белхаш бечу КадыровгIеран кланера нахах уггар дуьззина тептар.
  • Документаца а догIуш, кеп-кепара активаш, Кадыров Рамзанан а, цуьнан бIанакъостйин а хIусамаш йина латтанаш а цхьаьна нахана мел а бевзаш боцчу бизнесхойн а, менеджерийн а цIартIехь йу. Ву царлахь Гудаев Юсуп, Альвиев Мовсади, Халид, Хожбаудди, Эдильгиреев Бай-Iела, амма йиллинчу хьасташкахь бIеннашкахь миллионаш ахчанаш ловзочу оцу нехан йа биографиш а, йа суьрташ а карадойла йац, йаздира "Новая газето".
  • Гуьмсерчу "Оьрсийчоьнан спецназан университетехь" керлачу "РУС Bespoke" тоьпан гайтам дIабаьхьира - "университетан" цIе а, Оьрсийчохь иччархойн тоьпаш йечу Bespoke Gun компанин цIе а цхьаьнатухуш тиллина цунна и цIе. ТIаьххьарниг бизнесахочун Чайка Артеман долахь хилла йу - Нохчийчоьнан куьйгалхочун хьехамчин, Оьрсийчоьнан президентан Къилбаседа Кавказехь волчу векалан Чайка Юрийн кIентан.
  • Кху шеран зазадокху-баттахь Нохчийчоьнан урхалхочун 18 шо долу йоI Кадыров Табарик хилира "Ирс Групп" компани йиллинарг. Цуьнан карахь йу йукъараллин уставан капиталан 99%. Йохка-эцар а, кхин а 35 тайп-тайпана категореш йу цу компанино лелош - ресторан тIера дIайолайелла гIишлошна тIехь урхалла даре кхаччалц. "Ирс Групп" компанин регистраци чекхйаьлла масех кIира далале йоьллу цо фирма "Берекет" (юстуш йухку сурсаташ), "Альпийские луга" (бепиг, мерза хIума йаттар), "Грозненское такси"(таксхойн болх).

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG