ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Нохчийн полисхо: накъост я довхо?


Оьрсийчохь кийрахь мел долу хIума легашка кхочу полисхойн духар доьхна стаг некъаца гича.

Масех де хьалха Гуьржийчура цIа вогIуш полисхойн машенал хаьлха а ваьлла, сайн могIане дIахIуттуш стогар ца латийна аьлла гIуда туьхира суна - 50 лари. ТIе а веъна, шен кучан тIетесна йолу видеокамера а латийна, шен цIе а, фамили а яьккхина, гуьржийн маттахь вистхилира.

ГIуда тухуш, велакъежна, кIеда къамел а деш, шеца хьагI-гаммо кхин дIа лело лаам ца кхоллаболуьйтуш вара гуьржийн полисхо.

Со ца кхетийла хиъча, ингалс мотт бийцира. Оьрсийн маттах кхетара ву аьлча, тIаккха элира, хIун бахьанца сацийна, мел гIуда тухура ду аьлла. Ас, вела а велла, цкъачунна гIуда а ца тухуш дIавахийта мегара дацара аьлча, тхан низамехь яздина-м дац, иштта гIалат даьлларг гIуда а ца тухуш дIавахийта, аьлла жоп делира. ГIуда тухуш, велакъежна, кIеда къамел а деш, шеца хьагI-гаммо кхин дIа лело лаам ца кхоллаболуьйтуш вара гуьржийн полисхо.

И сурт гича, соьца машенан чохь хилла накъостий а ойланашка бахара. Цара а, ас санна ойла еш хир яра: хIунда дац иштта къепе вайн цIахь а? Кийрара мел долу хIума легашка хIунда кхочу полисхойн духар доьхна стаг новкъахь гича, аьлла.

Нийса бIостнехь сурт лаьтта Кавказан дукъалла сехьаваьлча. Цхьана пачхьалкхан юкъа йогIучу республикашна юккъера блок-посташ а, герзах боьттина полисхой а, цара а, цаьрга а наха етта багош а
Нохчийчохь а изза сурт ду.

Къаьстина машенашлелархошна хаало иза. Сацийча, хьо буххула хьала ца хьежахь гIуллакх хир дац,- бохуш дийцира соьга Соьлж-гIалара вахархочо Хамидов Зелимхана.

Хамидов: «Шаьш сацийча, цхьа реза а боцуш, ницкъалха оцу балха бахийтича санна хуьлу. Хазза, салам а делла, вистхилуш а хуьлу. Ткъа цхьаверг, воггIушехь чу а гIерташ хуьлу».

Ша волу полисхо вуо ву олийла дац аьлла хета Хамидов Зеламхан. Бу царна юккъахь оьзда къамел дерш а. Царна а, кхечарна а хаа деза, кхиболу нах а шаьш саннакийрахь дог долуш нохчий буйла. Кхана-лама балхара дIабевлча- хIун дийра ду цара, элира цо.

Шен доьзалехь а хаъала хийцавелла ша элира цо.

Хамидов: «Ах вуо, ах дика бу майра ала мегар ду. Кхана балхара дIаваьлча, муха лела вала ша нахаца вуо хилларг? Лечкъаш лела вала, я корт охьа а таIийна лела вала? Шена дин вуо дицдийра ма дац нохчочо. Оьзда, ларамца чекхдевлча дика хир дацара?».

Полицийн белхахоша шаьш а даре до, оцу балхо амал хуьйцуьту аьлла. ХIокху полисхочун шен це яьккха ца лиира. Оцу балхахь иштта волун дела, шен доьзалехь а хаъала хийцавелла ша элира цо.

Полисхо: «Оцу балха хоьттичхьана дуьйна, хаъала хийцаелла-кх сан амал. Сайн чохь а ву-кх со буьрса».

Низамхойн амалш а, церан буьрсаллехь хьахийча, ларамаза а доцуш дагадеара масех шо хьалха сан накъостаца Соьлж-ГIала юккъахь хилларг. Къеггина масал ду иза. Герзах боьттинчу полисхоша театран го а бина, цигахь цхьа той дIадоьдуш, оцу меттигана уллехула чекхаволуш хилла иза. Шен некъ бацбеш, цхьа ши-кхо гIулч гобинчу меттигехула яькхка дезна.

- Хьо мича воьдуш ву, аьлла тIе мохь тоьхна уллехь лаьттачу полисхочо. -ДIавоьдуш ву-кх, -аьлла жоп делла кхо, цо ма аллара аз стам а деш.

-Хьо мила ву, ван а, аьлла тIеволавелла кхунна. ТIаккха саца дезна кхуьнан.

Цуьнца къийсалуш валаш, генахь доцуш лаьтташ волу кхин цхьа полисхо, шен белшаш тIера масатоп оха а йоккхуш, иза юла а юлуш тIеволавелла.

- Соьца, хIара ларора вац аьлла, гIонна вогIуш ма хира вац хьо, -велавелла, бале дала мега дов дайдан гIоьртина хIара.

Цигахь цаьрца къийсавелла, кIордина, доккха са а даьккхина, дIа а вирзина дIаволавелча, тIаьхьа мохь тоьхна цуьнца девне ваьллачу полисхочо:

- Ахь синош хIунда догIу, -аьлла.

- Иза хIун бохург ду? Са даккха а йиш яц сан хIинца?

- Яц, суна дакха-м, - аьлла буьрса шега хьаьжира боху масатоьпан лага тIехь пIелг ловзош волу полисхо.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG