ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Чехка хоьхкучу машенаша дукха адамаш дойу Нохчийчохь


Нохчийчоь. Некъахьовзам. Архивера сурт.
Нохчийчоь. Некъахьовзам. Архивера сурт.

Набахтехь яккха цхьа шо хан тоьхна Грозненскин кIоштарчу кхело меттигерчу вахархочунна, цо машен тIе а тоьхна, жима бер дийна аьлла. Иза бехкевина, низам а дохош, сиха машен а хаьхкина, некъан бохам баккхарна. Йийнарг ю жима йоI.

Цуьнан гергарчу наха иза витар а, цуьнан шен доьзалехь жима бер хилар а, ша динчунна жима стаг дохковаьлла хилар а тидаме а оьцуш, цунна чохь яккха шо хан тоьхна. Цул сов, цунна дихкина шина шарахь машен лелор.

Иштта таIзарш до кхело, дукхачу хьолехь, некъахьовзам хилча.Тахана а некъан бохамаш хиларан уггаре а коьрта бахьанаш – машенаш чехка хехкар ду. Дукха нах дIасалелачу меттигашкахь а лагI ца йо цхьаболчара машен.

Цундела хуьлу цу тайпачу меттигашна гергахь кIелхевшина некъан полисхой. Нохчийчуьра ГИБДД-но дIакхайкхадарехь кху тIаьхьарчу шерашкахь некъашца хьал тоделла. Иза даре до шаьш машенашлелорхоша а. Амма цара а билгалбоху низамаш дохораш дукха хилар.

Машенлелорхочунна Исламов Рамзанна иштта го Нохчийчуьра некъаш тIехь долу хьал: "Машенца хьо воьдучу хенахь уггаре а дог детIарг ду эхь ца хетар. Коьртачу декъана даржахойн бераш а, низамхой а хуьлу, наггахь цхьана тишачу машенца схьабаьхкинарш хуьлу. Цара некъ ца ларбо, сиха а хоьхку машен. Наггахь зудабераш а хуьлу некъаца лан хала. Цара а ницкъ бо. Цхьа цадоггIург дан а дой, «ва-а-а, со дIаяхийтича хIун хуьлура хьуна», олу".

40 сов шо шоферан говзалла йолчу Юсупов Мохьмада ша наггахь бен машена хбьалха ца хуу боху. Дукха сиха лела некъаш тIехь еза машенашна тIехь болу меттигера даржахой.

Уьш Iедалан гIуллакхана сиха хьийзаш хила а мега, амма кхерам некъаш тIехь цара латтабо, боху цо: "Сиха ву-кх массо а. ХIорш мича кхача гIерта-м ца хаьа суна. Къаьсттина вайн даржахой буй, уьш инззаре чехка дIасалела. Машена чохь магнитофон ялахь, хьуна ца хеза. Ткъа, уьш-м мичара бовлу ца хууш схьалелха, дап олий стаг воь. Церан иза чекх а долу. Тоттий бежан а, ахча а лой, баккхий нах тIе а бохуьйтий, нах совцабо. Иштта хьал ду-кх. Машенашлелорхойн бехк бу. ГIаш лелаш берш-м ларло хIинца".

ХIокху шеран хьалхарчу шина баттахь, ГИБДД-но бечу хаамца, Нохчийчохь 25 некъан бохам хилла. Цигахь 11 стаг велла, 40 лазийна.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG